ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рашидов Шаид. Сан ненан мотт


Рашидов Шаид

Сан ненан мотт

Доккхачу лаьтта тIехь

Хазалла лоьхуш,

СадаIар дицдина

Еттарх а йорт,

Хьегаран хьу елла,

Шена тIевоьхуш,

Хиллера цIийх боьлла

Сан ненан мотт.

Зезагийн лесторехь,

Техкарехь диттийн,

Къайленаш соь юьйцуш

Ловзарехь хIорд,

ЛадоьгIча шабаршца

Бешарчу ниттийн,

Соь ницкъ лург хиллера

Сан ненан мотт.

Иллига бирзича

Iенадеш бIаьрхиш,

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш, юха а

Къагабеш бIаьргаш,

Серло лург хиллера

Сан ненан мотт.

Диканехь я вуонехь

Дош ала дезча,

КIорггера ян воьлча

Хиллачийн чот,

Эхь, иман я гIуллакх,

Доьналла эшча,

Хьекъал лург хиллера

Сан ненан мотт.

Вахар а хIун оьшу

Цунах дIахаьдча?

Бицбина вехаш верг

Ю яьсса ботт.

И саннарг карор бац

Мел дукха лехарх,

Даймехкан дозалла

Сан ненан мотт.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

Рашидов Шаид

Рашидов Шаид 1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгел-эвлахь. Дуьххьара нохчийн маттахь ша язйина байт гайтина цо Мамакаев Мохьмадана. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворении зорбане елина 1958-чу шарахь.

XS
SM
MD
LG