ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рашидов Шаид. Ахь боху: "Мичахь бу безам"?


Рашидов Шаид

***

Ахь боху: "Мичахь бу безам?
Поэтийн туьйра ду и".
КIеззиг бац цунах хьан кхетам.
Цундела суна чов йин.

Даьссачу даг чу ца богIу
Дахарехь цкъа а и, йоI.
Цунна хьан кийра ца богу,
Шело ю гулъелла чохь.

Ахь хьайн дог массарна декъна,
ХIунда ца къастийна цхьаъ?
Мил-милла хьоьстуш хьан къехьна...
Сирачо шийланиг кхаъ.

Безамаш лаьттехь ца хилча,
Кхетар а бацара малх.
Массо а хьо санна тилча,
Дуьне а лур дара къахь.

Хаалахь, даим бу безам,
Малх мел бу, хир а бу и.
Адмаш вовшашна деза,
ТIаккха бен кхоллалац ирс.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

Рашидов Шаид

Рашидов Шаид 1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгел-эвлахь. Дуьххьара нохчийн маттахь ша язйина байт гайтина цо Мамакаев Мохьмадана. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворении зорбане елина 1958-чу шарахь.

XS
SM
MD
LG