ТIекхочийла долу линкаш

КIирандийнахь Шемарчу Идлиб провинцехь кемнаша динчу тохарша вийна 20 стаг, царалахь бераш а. Лазийнарш иттанашкахь бу, мехкан бакъоларъярхойн Лондонерчу абсерваторино бечу хаамца.

Цара дийцарехь, Оьрсийчоьнан авици ю тохарш динарг. Меттигерчу вахархочо Хьосбер Хьосама дийцира AFP агенталле, цIеношна а, базарна а тIе 6 ракета туьйхира кеманаша, аьлла.

Оцу юкъанна Алеппо гIалахь тIемаш бу лаьтташ Iедаланний, шемахойн опппозицинний ницкъашна юкъахь.

XS
SM
MD
LG