ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джемал Гейдар кхелхина сийсара


Юкъархо, Оьрсийчоьнан Исламан кхеташонан лидер, Iеламча, философ Джемал Гейдар кхелхина оршот-буса. Юьхьанца и хаам баржийра социалан машанашкахь цунна уллерчу накъосташа, тIечIагIбина информацин агенталлаша а.

1947 шарахь Москох вина вара Джемал. Политикан-юкъара жигаралла йолийра цо Советан Iедал доххале еъначу заманахь, уьйрашкахь лаьттира Оьрсийчуьрчу полититкашца, Iеламчашца, динан юкъараллашца, критика яржайора, Iедале шен болу хьажам гойтуш. Жемал хилира дуккха а политикан, динан боламийн коьртехь.

Масийтта жайна aрахецна цо исламах, цуьнан мехаллех лаьцна, шайлахь «Ислам паргIатдаккхар» а, «Пайхамарийн Революци» а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG