ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан кеманаша бомбанаш тоьхна 21 стаг вийна Шемахь


Шема -- Шемахь хуьлучунна терго ечу бакъонашларъярхоша дуьйцу Идлибехь 21 стаг вийна хиларх лаьцан.
Шема -- Шемахь хуьлучунна терго ечу бакъонашларъярхоша дуьйцу Идлибехь 21 стаг вийна хиларх лаьцан.

Шемарчу Идлиб провинцехь бомбанаш йиттина Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша. Вийна лаххара а 21 маьрша вахархо. Царна юкъахь лаххара а 3 бер а ду.

Шемахь хуьлург тидамехь латточу шемахойн бакъонашларъярхойн центро бинчу хаамца, Кафранбел олучу эвла тоьхна и бомбанаш. Чевнаш хилла нах а бу цигахь. Франс-пресс агенталло дийцарехь, «бомбанаш тоьхна ялхозза хIусамашана а, меттигерчу базара а».

Идлиб провинцехь изза цIе йолчу гIалана а, цунна гонах йолчу ярташна а Iуналла деш ю цхьаьнакхетта оппозицин тобанаш.

Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш бомбанаш а етташ, Алеппо схьаяьккха гIерташ ду Асадан эскарш. Алеппон цхьайолу кIошташ цкъачунна карахь ю оппозицин тобанийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG