ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь ву премьер-министр Валс


Франци -- Францин премьер-министр Валс Мануэл, ГIура-бутт 2, 2016
Франци -- Францин премьер-министр Валс Мануэл, ГIура-бутт 2, 2016

Францин премьер-министр Валс Мануэл дакъалаца дагахь ву 2017-чу шарахь Охан-баттахь хир болчу президентан харжамашкахь. Цунах лаьцна Валса дIахьедар дан мега Оршот дийнахь.

Премьер-министран канцелярино бинчу хаамца, иза дагахь ву ша президентан харжамашкахь дакъалаца сацам барх лаьцна официалан кепара дIахьедар дан тахана сарахь Парижан уллехь йолчу меттигехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG