ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Су-33 доьхна "Адмирал Кузнецовна" тIе охьахууш


ХIордан чохь -- Су-33 тIеман кема ду "Адмирал Кузнецов» хIордан кеман тIера гIоттуш. Лахьан-бутт, 15, 2016

ХIордан чохь -- Су-33 тIеман кема ду "Адмирал Кузнецов» хIордан кеман тIера гIоттуш. Лахьан-бутт, 15, 2016

Оьрсийчоьнан Су-33 тIеман кема доьхна тIехь кеманаш лелочу хIордан кеманна "Адмирал Кузнецовна" тIе охьахууш. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", Оьрсийчоьнан тIеман министраллана тIе а товжуш.

Пилотан аьтто белла чуэккха. Иза къелхьарваьккхина орцанхоша. ТIеман министралло бинчу хаамца, кеманан саца аьтто ца баьлла, цу Iалашонца тесна аьчган муш хадар бахьана долуш.

Лахьан баттахь оццу "Адмирал Кузнецовна» тIе охьахууш дуьйхира кхин цхьа кема - Миг-29.

Оьрсийчоьнан цхьаъ бен доцу тIехь кеманаш лелон хIордан кема "Адмирал Кузнецов" ду Лаьттаюккъерчу хIорда чохь. Лахьан-беттан 15-чу дийнахь дуьйна Шеман терроритори тIехь йолчу объекташна тIеман тохарш деш ду иза.

XS
SM
MD
LG