ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакаев СаьIидбек. ДIакхачаво…


Дакаев СаьIидбек

ДIакхачаво…

Лозуш берг цхьа пIелган

Буьхьиг бен бацахь а,

Дерриге куьйгана

Цуо тоам бо.

Кхоссалуш, лач теснарг,

Цхьа гIулч бен яцахь а,

Цуо дегIан боларан

Шовкъ талхайо.

Дуьненахь йоккху хан

Мел еха елахь а,

Замано, дIакхоллий,

И кхачайо.

Болатан лам таттал

Ницкъ болуш велахь а,

Цуо, марахьарчавой,

ДIакхачаво…

XS
SM
MD
LG