ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакаев СаьIидбек. Хьежалур ярий хьо?


Хьежалур ярий хьо?..

Кийрара жима дог

Безаман суй кхетта,

ЦIеяьлла, датталуш,

БIарзделла, детталуш,

Хьогара доцург, кхин

ТIекховда гIо доцуш,

Безамо катоьхна,

Хьовзийча де доьхна;

И дуьтар дарий ахь,

Хьаста дош ца ала,

Шийлачу маьхьарца

Цу цIергахь садала?

Хьежалур ярий хьо,

Цу цIаро и морцуш,

Хьайн бIаьргех Iаьвдина,

Хин-цинцаш ца хьорсуш?..

XS
SM
MD
LG