ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муьлш хета нохчашна бакъболу турпалхой?


Оьрсийчоь -- Нохчашна юкъахь дуккха а бу Оьрсийчоьнан Турпалхой. Нохчийчоь, Соьлж-ГIала, Стиг.9, 2015.
Оьрсийчоь -- Нохчашна юкъахь дуккха а бу Оьрсийчоьнан Турпалхой. Нохчийчоь, Соьлж-ГIала, Стиг.9, 2015.

Исс шо хьалха Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думо тIеийцира «Даймехкан турпалхойн» де. Паччахьан заманахь хилла шира ламаст ду цунна бухе диллинарг. Оьрсийчохь шира ламаст ду тIом бинарг а бен турпалхо ца хетар.

Юьстаха лаьтта маьрша говзаллийн белхалой. «Даймехкан турпалхойн» де даздеш хилча, пачхьалкхехь церан сий дар алсамдала мега аьлла хета оцу низаман авторшна.

ТIом бина турпалхой хиллачу нехан терахьашца, схьахетарехь, Нохчийчоь хьалхарчу меттехь хила мега, регионашна юкъахь лаьрча.

Замане хаьжжина турпалхой а хийцало бохург ду махкахь нахана хетарг. Оьрсийчоьнан турпалхой бу шортта. Амма могIарерчу нохчашна лараме хета маьрша нах. Царах ву ас Соьлж-ГIалан урамашкахь къамелдинчу нахах цхьаъ Ибрагимов Iийса.

Ибрагимов: «Тахана тIемаш беш болу нах а ца лоруш, лоьраш, хьехархой, бакъонашларъярхой, кхиберш лара беза аьлла хета суна. Тахана инарлаш ца хиллехьара Оьрсийчоь хир яра, ткъа хир яцара иза, Iилманчаш а, инженераш а бацахьара».

Нохчийн зударий хета шена турпалхой, аьлла хета бакъонашларъярхочунна Апаев Асланбекана.

Апаев: «Вайн нохчийн наной, йижарий бу-кх соьга хаьттича турпалхой. Иштта бала лайна а кхин зударий хир бу аьлла ца хета суна. Уьш бийца безара вай».

Ткъа шуьйрачу бараме диллича, дерриг нохчийн къам хета бакъонашларъярхочунна Апаев Асланбекан турпалхочун цIе лело мегар долуш. Вай ца лайна, вайна ца гина хIун ду бохуш, хоьтту цо.

Апаев: «Суна хIора нохчо, турпалхо ву аьлла хета. Дудаев ЖовхIара ма аллара, хIора нохчо ву - инарла. Суна а турпалхо хета хIора нохчо».

ХIора шарахь юккъерчу барамехь 30 сов де хуьлу Оьрсийчохь дезде санна билгалдаьккхина.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG