ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох велла карийна "Роснефть" аппаратан куьйгалхо


Оьрсийчоь -- Роснефтан Москохара коьртачу офисан чувоьду меттиг, ГIура-бутт, 8, 2016
Оьрсийчоь -- Роснефтан Москохара коьртачу офисан чувоьду меттиг, ГIура-бутт, 8, 2016

Сечин Игора куьйгалла дечу "Роснефть" компанин аппаратан куьйгалхо Еровинкин Олег велла карийна Москох юккъехь машен чохь. Цунах лаьцна хаам бина "Лайф" телеканало.

Иза валаран бахьана хууш дац. Таллам дIахьош бу Федералан кхерамазаллин сервисан белхахой. Цкъачунна болчу хаамашца, Еровинкин велла, цIеххьана дог а сецна.

61 шо долу Еровинкин вара ФСБ-н инарла. Цуьнан жоьпаллехь дара Роснефтан къайлах долу кехаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG