ТIекхочийла долу линкаш

Бадуев СаIид. ПетIамат

Дийцар

Доккхачу цIа чохь некъехьарчу жимчу кора кIел лаьттачу ехачу нар тIехь 45 шо кхаьчна Дуда Iара цIенкъарчу шен баккхийчу когийн буьхьигаш, наггахь хьала ойъий, юха охьа детташ, юкъ-юкъа, шен куьйгех йохукучу болатан гIоьмашка а хьожуш, юха цу тIера айъабеллачу Iаьржачу бIаьргашца лоррий, неIарехьа тоьпашца лаьттачу веа стражнике а хьожуш, шена уьш цабезаран ойла а еш.

ХIара стражникаш, шайн хьаьрсачу яххьаш тIе наггахь гIийла туху хьацар, шайн кIайнчу кучамийн пхьуьйшашца дIа а дохуш, цIа чохь тIехьа ши куьг а диллина, белш тIехь пагонаш а йохкуш, дIа-схьа лела пурстоьпан помощник Хьабиб шайга хьожучу заман чохь шайн даккхийра, гIалгIазакхийн догIмаш нисдой то а деш, шайна гена воцуш цхьалха, Iаьржачу гIовталца Iечу цу Дуде а хьоьжуш лаьтташ бара, цо шен мокхо-горгачу юьхьа тIера даккхий Iаьржачу мекхаш тIе, шен куьйгех йохку чIагIарийн гIоьмаш а екош, дайн куьг хьакхча, лоррий цунна тIе шайн сийна бIаьргаш а дугIуш.

Чухула дIа-схьа лелаш волу Хьабиб, Дудина хьалххахь сацан а сецна – ма хьевели и молла, тхь даьхкина-м дикка хан а ели, -аьлла, шен ехачу юьхьтIера хьаьрса мекхаш хьийзон волавелира.

-Иза-м, хIокху сохьта схьакхочур вара, хьайн тарлахь, жима собардехьа. Ас Нохчийчохь доккхург таханлера тIаххьар де а хилча, - аьллачу Дудин корта жимма оллабелира.

- Делахь кхин а пхи минот хан ю хьуна, цул тIаьхьа, вай кхин Iаш дац хьуна, - аьлла, Хьабиб, шен дато гIутакхара цигаьрка а латийна, нара тIе а хиъна, шен дешица кхелина тур ловзо волавелира, чохь боккха цигаьрканан кIур а гIаттош.

ХIун стаг ву техьа Дуда? Стенна йоьхкина техьа цуьнан куьйгех болатан гIоьмаш?

Иза ондалла а, майралла а кху юьртахь гIараваьлла вара. Цунна паччахьан Iедал ца дезара. Цуьнга юьртахь маьI-маьIнехь ахархошна бен ницкъаш ца лалора. Амма, шен ницкъ кIезиг хиларна Iадда-м Iара, шен аьтто баьл-баьлла вон Iедалан дайшна а деш.

Цхьа шо хьалха, кху юьртахь хиллачу пурстоьпо, юрт гулъеллачохь лаьтта тIехула къовсам а баьлла, ахархошна страже шодмаш еттийтинчул тIаьхьа кIира далале и пурстоп гIала воьду лар а вина, Дудас докъаза вайъинера. Хьелаш долу нах а, кхо, шена ца безарна гIоза-декъала бахан ца буьтура...

Иштта Дудас лелош долу гIуллакхаш Iедална хиинехьара, хIара тоххара лаьцца тIепаза вайъина хир вара. Iедална и ца хаьара, мискачу наха хIара чIогIа лар а веш, Iалашварна.

Амма тахана, кху Дудин дукха хан йоццуш веллачу лулахочо нохчашна обаргаш лелабо аьлла тоьхначу гIуданах гIуда а ца делла, цуьнан кегийра бераш а, цу берийн цомгаш нана а елхош, церан тIаьххьара етт шина стражнико кех боккхуш ла а ца делла, царна орцах хьаьдда воьдучу кху Дудина, цу берех 12 шо кхаьччна бер, аьттан юьхь а лаьцца воьдучу стражникана маьхьарца пхьарсах хьаьрчаш а гира, цу стражникан, аьттан чуха схьаьлаьцца долчу куьйгах цу кIанта цергаш а йоьхкина, стражнико шен даккхийн сийна бIаьргаш а къарзош, цуьнан коьртах тоьпан бух тоьхча и кIант, мохь-орца доцуш бехха мотт а баьккхина, хьаьвзина лаьтта вужуш а гира. Цу кIанта стражникана цергаш а йоьхкина, и етт дIабигча ша яан шура йоцуш вуьсур ву-кха аьлла дагадеана ца йоьхкира, цо и цергаш йоьхкира, и етт ша хIор денна бажо оьхуш леларна, шена и дукха безабелла дела, цунах къаста ца лууш. И кIант тахана шен аттаца цIахь Iер цуьнан ирс цахилар дара. И цIахь Iийнера, и етт тахана бехкича а цхьамма хIунда бехкина эр доцче хьолехь хиларна. Иштта и сурт шена гича, шен хьадар алсам а даьккхина, Дудас, ша цу стражникашна тIекхаьчча, кхин вистхилар доцуш, шен йоккхачу шаьлтанца и ши гIалагIазакхи верина охьавиллира, кертарчу баьццара беца тIехь цIен тIамарш а хIиттош. ЦIаьххьана кху куьпахь гIовгIа гIаьттира. Кху гонахара бераш, зударий боьлхуш бара, “Iедалах” кхоьруш, кхуза кегий а, баккхийа нах гулбелира оцу минотехь, баккхийчу наха Дудега дIавада аьлла, дехар а дира.

- Со кIелхьара а ваьлла, Iедалан дайшка бехк-гуьнахь доцу шу миска нах хьийзадайтан водур вац со! – аьлла, Дуда шен керта а вахана, сецира. Орца чехка деана схьахIоьттира, шайна декъийн Iохкуш гича, уьш тIекхаьч-кхаьчначунна шодмаш етташ, тоьпийн баххаш детташ луьра хьаьвзира. Царна хьалхаваьлла волу пурстоьпан помощник Хьабиб, тапча а яьккхина – хIокху сохьта аш бехкен верг схьа ца лахь, ас хьалха хIара сайна тапча а етташ, оха тIом бийр бу шуна, сийна цIе шун кху куьпах а юьллуш, аьлла, цхьана маьIIе гIийла гулбелла лаьттачу баккхийчу нахана тIечехан ваьлча, и къамел а хезаш кхарна тIевогIуш лаьттачу Дудас, чехкка кхуна хьалха а иккхина – Со ву хьуна уьш байъинарг!... Со вара хьуна а, хьан а, вукхеран а сайн ницкъ хилча кортош лоьIу дерг! – аьлла, Хьабибана тIе вон ши бIаьрг а хIоттийна, цергашца лахара балда лецира:

- А! Хьо ву и Дуда? ХIинца-м ма варра гучувелира хьо. ХIинца-м хIара нана Гихчоь, хьайн кIесаран кIаг гуш а гур яцара хьуна!...

- Ван а ву! хир а ву! сих а лур вац! виц а лур вац!

Иштта, Дуда ша гуча а ваьлла, хIинца кху чохь Iечу ХьабибгIара лаьцна дIавига кеч а вина Iара-кха хIара, Дудас къар а ца велла, ша тIе хIума юххалц хIорш чу а балийна.

Дудас хIинца ша Iаьччохь ойланаш йора. Амма, цуьнан нур даза долчу бIаьргашка хьаьжча хаа-м дезара, цо шен дегIана зен хиларна кхоьруш ойла ца йойла. Цо ойла йора, хIинца ша лаьцча шен 15 шо кхаьчна ПетIамат ша йисаран, цунах къахеташ, цуьнга хьажан шен а, цуьнан ненан а гергара стаг цахиларна. Тайпана нах-м бара Дудина, цIийнан хьалхара нах а тIехь, делахь а кхунна лаьара царалахь къаьсттина тешаме цаI харжа, кхунна хетара, хIинцца кхо бутт хьалха елла шен зуда мукъана а схьаелар-кх аьлла. Иштта ша еш йолу ойла, Дудас, шаьш кху цIа чу ма девлли а йира, ПетIамат дага а еана. ТIаккха, и шен йоI кховдо кхин стаг дага а ца веана, динан да волуш волчу, гергара вацахь а, тайпана ву бохуш волчу кху юьртан моллега кхайкха стаг а вахийтина Iаьш бара хIорш хIинца, и молла схьаваре хьоьжуш...

Кху йоккхачу юьрта йисттехь баьццара акхтаргаш юккъехула охьадогIучу гIехь жимчу хи тIехь истангаш дуьттуш йоллучу Дудин ПетIаматана шайн цIахь дерг ца хаьара, кхунна, Дудас и санна долу гIуллакхаш динийла а, дийр дуйла а-м хаара, Дудас шега дийцарна. Амма, хIара Дудас цу тайпана гIуллакхаш дарх цкъа а шек йолуш-м яцара, юьрто а Дуда майраллина вийцарна, цунна цкъа хIумма а хир дац моьттуш. Цундела ПетIаматана Дудас динчух кIезиг сингаттам хуьлура.

ПетIамат, шен кIайчу кучан ши пхьош гоьллец хьала а дина, коьртарчу цIечу йовлакха кIелхьара охьаоьху шен Iаьржа месаш, дешица кхелинчу лерга тIийхьа а туьйсуш лаьттара, гоьлал лакха лелхаш кIайн настарш а гуш, хи чуьра шен истангаш хьуьйш...

- ПетIамат! .. Ва ПетIамат!.. со яла хьан!.. со яла хьан!.. – бохуш, шена тIе цхьа адам догIуш санна хетта, дIахьаьжинчу кхунна, шена тIе кхачча йоллуш едда йогIуш шен зуда гира, коьртара корталеш белаш тIе а дахана, къоьжа кортош а гуш, елха а йоьлхуш. Цу тайпана и зударичу гича, ПетIаматан дегIачу хьала-охьа шийлачу хIон тулгIе туьйхира, хIара шен ши лерга юх а лаьцна, кхерам даг тIе тасарца чIогIа цец а яьлла, дIахIоьттира. Оцу заман чохь кхуьнан хи чуьра сийна истангаш гучудевлира, уьш хе юкъ-юкъа сеца а деш, охьатекхо а долийра.

- ПетIамат! ва ПетIамат!.. cо яла хьан!.. cо яла хьан!.. - бохуш, шена тIе цхьа адам догIуш хетта, дIахьаьжинчу кхунна, шена тIе кхачча йоллуш едда йогIуш ши зуда гира, коьртара корталеш белаш тIе а дахана, къоьжа кортош а гуш, елха а йоьлхуш. Цу тайпана и зударий гича, ПетIаматан дегIаца хьала-охьа шийлачу хIон тулгIе туьйхира, хIара шен ши лерга юх а лаьцна, кхерам даг тIе тасарца чIогIа цец а аьлла, дIахIоьттира. Оцу заман чохь кхуьнан хи чуьра сийна истангаш гучудевлира, уьш хе юкъ-юкъа сеца а деш, охьатекхо а долийра.

- ПетIамат! ва ПетIамат!.. хьан да дIавуьгу хьуна! Хьан Дуда лаьцца вуьга хьуна! Ядалахь, ядалахь, ПетIамат, ядалахь! – аьлла, ши зуда шен дегIах хьаьрчича.

-М-мила! Мила бах аш?.. Дудий? Сан да Дудий?..-аьлла, ПетIамата луьра мохь хьаькхира. Цу зударша дуьххьар мохь тоьхча а къаьрзина долу цуьнан бIаьргаш, чохь мелчу хин тIадамаш а хIуьттуш, цIеххьана шуьйра дIа-схьа даьржира. Амма, шен дог кIадлуш хьаьвзинчу бIагорна, хIара, пхьаьрсаш шуьйра а даржош, баьццарчу бе тIе аркъала охьайоьжначул тIаьхьа, бIаьргаш чехконца ваьшта-м дахара.

ХIорш иштта бохкучу заман чохь, кхарна гена боцчу новкъахула, расха ши говр а йоьжна, сийначу хьаьжкIех йоьттинчу хIургонахь цхьа жима стаг вогIура. Цо цIеххьана шена кху зударийн гIовгIанаш хезча, хIургон саца а йина, - хIей, зударий!.. соьгара гIо оьшуш меттиг юй цигахь?.. - аьлла мохь туьйхира.

- Же!.. же!.. жима къонаха, ю хьуна хьо оьшуш меттиг! Ду хьуна ахьа дан накъосталла. Дуда лаьцна дIавуьгуш ву, и араваккхале хIара ПетIамат цунна тIекхио хьовсур дара вай, - аьлла, шена цхьа зуда тIехьаьдча:

- Ой, стенна вуьга иза лаьцна, кхин керла хIумма-ам ца диний цо? – олуш, жима стаг хIургон тIера чехконца охьаиккхира.

- Дина!.. дина! Iийр варий иза цаI ца деш? Ши гIалгIазкхи вийна цо.

- Муха? хIунда? ХIинца а нахана етта-м ца йиттинерий цу копарша.

-И-м, цIа кхаьчча хуур ду хьуна, же, кхуза юххе схьаяийтахьа и хIургон, -аьлла, йоккха стаг чехкка ПетIаматана тIехьаьдира. Жимчу стага, сийна хьаьжкIаш хIургонан цIа чохь цхьажимма бен ца юьтуш, важаерш чехконца некъа йисте охьа а тийсина, хIургон ПетIаматагIарна тIейигира. Иза, говрийн архаш а лаьцна дIахIоьттира, зуда бехке хиларна, цу шина зудчуьнца ПетIаматах куьг тоьхна, и хIургон тIе яккха йиш йоцуш. Шина зудчо вуно хала йиллира шайн къеналлица ПетIамат хIургон тIе. Амма, цул тIаьхьа хIорш чехконца-м боьлхур шерачу новкъахула ПетIамат цIа кхио...

Виъ стражник Дудина гонах а ваьлла, Хьаьбиб хьалха а волуш кех бовлуш бохкучу ДудагIарна, цIа ялош йолу ПетIамат дуьхьал кхийтира. ПетIамат чехконца иккхира хIургон тIера охьа, цуьнан шийла мохь белира. Дудех бIаьрг кхетча, цуьнан бIаьргаш, хьераялан гергаяхча санна, къаьрзира, цуьнан жима дегI, цкъа йовхо, тIаккха шело етталуш, чехконца дего доладелира, цуьнан тайп-тайпана хийцалуш лаьтта бос, тIаьхьара а овкъаран басе бирзира, хIара луьрчу цIогIанца – Дада!.. Дада!.. аьлла, кех бевлла дIабирзинчу ДудагIарна тIехьаьдира. ТIаккха Дудас меллаш юха вирзина, шен гIоьмеш йохку ши куьг, шайн утармех а тIевжина, корта а оллийна, ехачу мож тIе наггахь куьг а хьош лаьттачу Бешир-моллина тIе а хьажош, - ПетIамат!.. и лаьтта Бешир-молла ву хьуна тахана дуьйна дIа хьан да, цо бохург дар, цуьнга ладогIар тIехь ду хьуна, - аьлла, Дудин къамел чекхдолуш, Дудина тIекхача дагахь стражникашна юкъаоьккхуш йоллу ПетIамат цхьана стражнико Iоьттинчу тоьпан бухо юхакхоьссина охьайоьжчи, доккхачу хьажа юккъе сийна шад хIоьттинчу Дудас – эй! Чорт! Чорт! Я тебе дам, - аьлла, шена юххерачу стражникан вортан тIе болатан гIоьмаш йохку шен ший а буй туьйхира. Оцу меттехь хьалха воьду Хьаьбиб а юхахьажира. ТIаьхьарчу шина стражнико, тоьпан баххаш тоьхна, Дуда гена хьалха бертал вахийтира.

Тоьпан бухо човхийначу ПетIаматана деге лазар деара. Цо гIийлачу эшарехь – ва Дада!.. Дада!.. ХIара хIун ду? – олуш, шен хаза дегI ирчу бIаьллаш тIе охьадиллира, шен горга юьхь горгачу малхе а ерзош.

Дикка лазийна Дуда, халла гIаьттира хьала. ТIаккха, гIийла корта ластийна, гонахарчу нахах эхь хетта, уккал а таIийна, дIаволавелира.

ДудагIарна тIаьхьа бевлла лаьтта зударш шийлачу маьхьарчу ПетIаматна тIехьаьвдира. Лаьтташ болу божарий, цкъа Iуьллучу ПетIамате хьовсуш, тIаккха Дудина тIаьхьа хьовсуш лаьттара, шайн декъа балдаш лакхарчу цергашца а къуьйлуш, шаьлтанашца тIе каш а дехкина, наггахь вовшашка а хьовсуш, хала садетташ...

Цул тIаьхьа кхо де даьлча юьртахь дийцар делира, валлалц йолу хан а тоьхна, Дуда Сибрех дIавахийти, бохуш.

ПетIамат Бешир-моллица Iаьн кхоъ дIа а даьлла, доьалгIа шо доладеллера. ХIара ша йолчул шозза хаз а еллера. ПетIамат, шена хIун ду а ца хууш, хIор татанах а, хIор декачу олхазарх а, мохо гIийла лесточу диттех а, кхийсалуш догIучу хин гIовгIанах а, беттаса долчу буьйсанах а тIехь, чIогIа сакъералуш яра...

Бешир-моллин кузашций, истангашций кхелина ши цIа ПетIамата чIогIа сакъералуш, хаза леладора, ша йоцург дечу гIуллакха тIехь шега хьажа стаг вац-кх аьлла хIума дага а ца догIуш.

Дукха хан йоцуш-м вара кхунна дечу гIуллакха тIехь гIо деш стаг, хIара дукха а езаш. И яра Бешир-моллин зуда, цо могаш йоцуш ю аьлла хIинцца кхо бутт хьалха йитина йолу.

ПетIамат, суьйранна хи кхехьна а яьлла, шен жимчу цIа чохь кора юххерачу нар йисте а хиъна, корера кIайн киса аьтту агIор а оьзна, шайн готтачу урам новкъа хьоьжуш Iара.

Цунна гора, кхелина шаьлтанаш а йихкина, аллий, Iаьржанний куйнаш сеттош агIор а техкина, суьйранна хитIа баьхкинчуьра цIа оьху кегий нах. ПетIаматана цIеххьана, шена тIехьийзаш волу Мусост дагавеара. Мусост жима стаг вара, 25 шо хир долуш, уггар хьалха кху ПетIаматана тIе а хьаьвзира, кхуна дукха а везаш. Амма, ПетIаматана и дагавеанехь а иза хIинца гено-м вара. Иза, обаргашца уьйр йолуш, царна гIуллакха тIехь шен хуьлу аьтту боккхуш хилар гучу а даьлла, кху юьртахь чу а воьллина, кхана Сибрех вохуьйту аьлча тховса чувоьллинчуьра веддера. И дара хIинцца цхьа шо хьалха. ХIетахь дуьйна Мусост, цIа ца воьрзуш, обарг ваьлла ламанах воьллера...

И дерриш а дагадаьхкича ПетIаматана, шена хIун ду а ца хууш, шена хьалхха кора тIе догIанан тIадамаш санна боккха ши тIадам бужуш гира. Уьш ийгира цуьнан оцу минотехь хих буьзначу бIаьргех.

Кхуьнан корах чукхеттачу, чубузуш лаьттачу маьлхан цIоьлла я ара цIеран алон басахь, арарчу сийначу дитташ тIехь дека хезаш олхазарш а дара...

ХIара юьрто а хазалла юьйцуш яра, сарахь хIара хитIа яхачу кегийчу наха маьI-маьIIера кхуьйсучу дешнашна кхуьнан йогучу беснеш тIе хIуьтту кегийра кIаьгнаш юха ца доьрзура, набарна хIара дIайижжалц. ХIара чIогIа сакъераделла яра шен хазчу жималлех.

Иштта хIара сакъерадала декхарийлахь а яра, Бешир-моллас, шен да Дуда вицвеш, жима бер санна, ша чIогIа хьоьстуш лелаярна, цунна оьшуш йолу дешин а, детин а, дарин а, чилланан а хIуманаш а оьцуш.

Бакъду, Сибрех вахийтинчу шен дена Дудина цхьана заман чохь чIогIа са-м гатлора кхуьнан. Амма, цхьана дийнахь Бешир-моллас, еза цIераш тIе а йохкуьйтуш ша кечдайтина дато хIайкал ша ПетIаматана коча а уллуш, “ПетIамат, хIара хIайкал ахь мел леладо, дуьненахь хьуна цкъа а сингаттам хила йиш яц хьуна. Кху хIайкал чохь ас яздина уггар деза доIа ду хьуна, хьан дегIана сийлалла йоьхуш, хьан дегI кIеззиг болчу сингаттамах а тIехь лардар доьхуш. ТIаккха а хIинца дукха ца хьелуш цIа вогIу волчу хьайн дена Дудина сацагатдар а доьху ас, билггал сайна и цIа вогIур вуйла хаарна, хIунда аьлча, ас цунна айса ког мел боккху доIанаш а до дела, гIенан кхелах дикачу наха паччахьан лаарца Дуда дукха ца хьелуш цIа вогIур ву а сайга аларна”, аьлла, Бешир-моллас шен коча дато хIайкал оьлличахьана, ПетIамат шен дена Дудина кхин сагатлуш а яцара, хIетахь дуьйна цо шен кочара хIайкал дIадоккхуш а дацара. Амма, ПетIаматана кхин цхьа сингаттам бара, Бешир-моллехьара, го шен терго чIогIа ярна, ша чуйолуш а, арайолуш а и шега когашкара дуьйна, коьрте кхаччалц кIелдахIахула бIаьргаш а къерзош чIогIа хьежарна. Бешир-молла ПетIамате цу тайпана хIор шен аьтту мосазза бели хьоьжура, тIаккха ПетIамат ша хIинца Iечу цIа чу а йогIий, пенах доллучу доккхачу куьзгана хьежан хIуттура. Цкъа хьожура хIара, хIинца а шен коьртахь долу баьццара тапта а тодеш, шен Iаьржа кIозарш гуш юйла, тIаккха шен шуьйрачу некха тIе куьг дуьллий, шен кIайн лаг гуш дуйла, тIаккха хIара молла шега кIелдIахула хьежарх ца кхуьуш, белш а саттайой, ша-шена, шен дуткъа балда а доккхий, “цаI хир ду-кха” олий, шен гIуллакх дан хIуттура.

Иштта долчу цу гIуллакхан ойла а йора хIинца корехь Iеш йолчу ПетIамата, амма, и ойла, хIинца дуьххьара еш-м яцара кхо. Кхунна хетара “ХIунда хьоьжу техьа Бешир-молла сел лерина бIаьргаш къерзош соьга?” Ца еза техьа я новкъа ю техьа цунна со шен тхов кIел?.. ХIан-хIа, бакъ дац, шена со, шен доьзалхо санна ца езахьара, хIор ша цIа мосазза вогIу, стоьмийн биста кхаччалц ша суна кхоьхьу совгIаташ кхоьхьур дацара цо. Цунна со еза-м еза, делахь а цхьана хIуманна оьгIазвахана хир ву-кх и суна. ХIинцца цIа ма веъанехь, хоттур ас цуьнга иза, аьлла, жимма сапаргIатдаьллачу ПетIаматана говрана тоьхначу шедан тата хезира, тIаккха дIахьаьжча, шена дикачу динахь воьдуш бере гича, дикка кора тIе лах а елла, хIара цунна тIахьа хьежа елира.

Кху юьрта йисттехь хеташ Iохкучу баьццара аьрцнашна тIехьахь, хехь санна лаьтта лекха лаьмнаш кIайчу вертанех хьирччинчохь лаьттара, Нохчийчохь муьлххачу а меттехь ган а гуш. Сийна стигланаш тIаьхь-тIаьхьа кхоьллина йоьлхура. Суьйре шен Iаьржа, чорда маша бозан кечлуш йоллура. Аьрцнаш тIехьа буьзначу маьлхан цIоьлла тIаьхь-тIаьхьа гIелъелла йоьдура. Кху юьртарчу дитташ тIехь олхазарш а декарна дикка лахделлера.

ЖамIатан кIайчу маьждигехь, малхбуза ламаз баккхийчу нахаца а дина, уьш цIа а бахийтина, Бешир-молла цу маьждигана хьалхарчу дехачу гIанта тIехь хиъна Iара, наггахь шен нилхачу цергаш юккъехула кIайн туй дахдеш сийначу бе тIе а кхуьссуш, еха Iаса шина кога юккъе хIоттош, шен белаш тIе йижийна, наггахь шен гатлуш яхъеллачу кIайчу можа тIе хебаршка ихина кIайн куьг а хьокхуш, чIогIа ойланаш еш.

Кхо, ша мутаIелим волчу заман чохь ялх зуда ялоза Iийр вац ша аьлла дуй биънера, хIинцале а кхо пхи зуда яла а йинера, уьш, шой, ши шой юкъадулуьйтуш бита а буьтуш. Цу зударех хIинцца тIаьхьа кхо йитинарг йоцчуьнан кхунах доьзал а ца хиллера цхьаннен а, и доьзалхо кIира кхачале веллера... Бешир-моллас хIинца ша ен ойла динах лаьцна ца йора. Цунна хIокху сохьта ялсамане а, жоьжахате а дагахь яцара, ша маьждига хьалха Iеш велахь а. Цуьнан ойла цIахь яра, цунна хьалха ПетIаматан сурт лаьттара. ПетIамат жима ю-кха, цуьнга хьажа, цуьнан, ша воцург, кхин стаг вац-кх, аьлла, цо ойла йо моьттарг гIалат хир вара.

ХIунда ца йора Бешир-моллас ПетIаматах лаьцна ойла, шена иза кхин еза йиш йоццуш къайлах, нахана ца хоуьйтуш и маре яххалц езарг сел чIогIа и дукхаезаш хилча. Цкъа цуьнан хазаллина, шозлагIа – цуьнан жималлина?

Ехха йира Бешир-моллас ойла. Кхунна дагаоьхура шена наха сагIийна мел деллачу ахчанах дукхах долу ахча ПетIаматана хаза хIуманаш оьцуш-ийеш ша даъар. Кхунна дагаоьхура стаг велла а, цомгаш хилла а, мах бан вола аьлла а шега кхайкха нах баьхкича, хийла ша цига а ца воьдуш, лаьррана ПетIаматах бIаьрг бетта цIахь Iер а, иштта ша цIахь а Iийна шена тIебогIу пайда эрна бар а.

- ХIан-хIа, тоьар ду... – элира кхо, шен хебаршка ихинчу юьхь тIера сийна мара хьала а озош...

Суьйре шен Iаьржа, чорда маша боьзна яьлла, буьйсанца хийцалеш лаьттара, буьйса шен Iаьржа маша луьста тосуш дIахIоьттира. Кху ураман новкъарчу кегийчу цIенойн кегийчу корех ара къедаш лампийн серлонаш а яра. Сихделла летачу жIаьлийн гIовгIанаш а яра, геннахь а хезаш. ТIаьIIана сийначу басарчу стигалахь луьста лепаш седарчий а хIиттира, вовшашца лепар тIехь къовсам хилла орца деха уьдуш санна, наггахь йоьзан тас хилла кхозучу батта тIе а уьдуш...

ПетIамат тоххара, чохь лампа а латийна, шайн учарчу товханчохь йоьхь кхорзуш йоллура. Цуьнан шерачу юьхь тIе берцан буьртигаш санна луьста тоьхна хьацар дара, и юьхь цIечу шекъанан баса йирзинера, товханарчу цIерга хьийзаярна. Товхан чуьрчу очакх тIерачу зайли чохь, ПетIамата кест-кеста кега а деш, даьттанца кхорзуш лаьттачу йоьхьо, жагIи тIехула хьаьхкинчу говран когаша ен гIовгIа дагайоуьйтура. Кхетта лаьттачу беттан серлонна лампин серло ца оьшуш. ПетIамат чехкка йоьхь кхаьрзина а яьлла, иза а дохьуш чуеара.

Бешир-молла, йовхонна йиллина лаьтта неI чехка тIе а чIогIуш, ПетIамат йолчу чувелира. ТIаккха, леррина цкъа ПетIамате а хьаьжина, неIар тIехьа шен Iаса дIа а хIоттийна, нар йисте охьахиира, доккха са а доккхуш.

- ЯахIума охьайиллий ас? – аьлла, ПетIамат шен гIеххьа лекха дегI нисдеш дIахIоьттича, Бешир-моллас жимма ойла а йина – йилла!..-элира.

ПетIамата чехконца йиллира яахIума Бешир-моллина хьалха, тIаккха ша-шега: - тховса гIийла ву хIара, хIумма а ца хоттур ас кхуьнга – аьлла, ПетIамат шен жимчу цIа чу яхара.

Бешир-моллас ша юург хIинццалц санна дукха ца йиира иза ечу оайланаша вузийнера. ХIокхо, юучунна тIера юха а хилла, хьена куьйгаш шен йоций бертикаш йолчу маьхьсех а хьаькхна, мохь туьйхира – ПетIамат!.. хIорш дIа а яхий суна чехкка мотт а билла, эцца кетIа ялий, вайн хьуьжаре цхьа бер а дахийта, со могаш воцуш ву ...

ПетIамата шега аьлларг чехка кхочушдира. Цул тIаьхьа иза, шен жимчу цIа чу а яхана, ша стенна йо а, муха йо а ца хууш кIорггера ойланаш еш яахIума а йиина, Бешир-молла волчуьра, хIинццалц а ша ма хIовзаярра, тховх кхозу лампа чу а хьовзийна, юха шен цIа чу а яхна, охьайижира.

Нар тIерачу кIайчу меттахь цхьалха, кIайчу кучара Бешир-молла вехха Iиллира тховх бIаьргаш а къерзош, ойланаш еш. Кхуьнан къена дегI дайн дегадора, кхуьнан кIоргерачу ойлано “эшам я толам” бохура. ХIара меттахь са а ца тохаделла, меллаша нар тIера охьавоьссира, иштта меллаша ПетIаматан неIаре а вахара. НеIарехь а дикка хан лаьттира хIара, неI елла ца хIуттуш. ТIаккха доккха са а даьккхина, меллаш неI хер а йина, чухьаьжча, кхуна гира кIайчу меттахь Iуьллу ПетIамат ...

Бешир –молла цIа чу велира.

ПетIаматана хаьара ша йолчу чохь цаI вуйла, делахь а, ша чIогIа кхераяларна бIаьргаш схьаделла а ца яьхьаш, ла а доьгIуш IадъIара...

Цо шен ши бIаьрг чехка схьабиллира. Шена юххехь... хиъна Iеш шена Бешир-молла гича, гIенан кхоьлах ду моьттуш, йоIа шен бIаьргех кегийра куьйгаш хьаькхира, тIаккха шен Бешир-молла гича – ай!.. –аьлла, мохь туьйхира.

- Ма хьакхалахь мохь!.. Ма хьекха мохь!..- аьлла, Бешир-моллас, цкъа тIе а чевхина, юха а – ПетIамат!.. – аьлла, хьаста а велла, цуьнан куьг схьалецира.

- Йоьхна къурдаш а ца далуш, Iадийча санна, Iеш йолу ПетIамат – ахь... ахь хIун до?.. ахь хIун до?..-бохуш шен куьг озийна схьа а даьккхина, шен гIайбий тIехула юха кIегар гIоьртира, тIаккха ша пенан соне кхаьчча, шена йоца коч настарш тIе а ийзош, елха а лууш, елха а ца луш, хьере хилла стаг санна, цхьа цец, кху Бешир-молле хьежа елира. Цуьнан бIаьргаш шуьйра къаьрзинера. Царна чохь кIайн седарчий гора. Цуьнан цкъа йогуш хилла ши бесни, тоьхначул тIаьхьа модаш буьзинчу киран басе йирзинера, цуьнан ойла, тоьпашна воьгIначу стеган санна, йоьхна яра. Кхунна ше да Дуда дагавеара, кхунна дуьхьалтесира Дудас ша лаьцна дIавуьгуш Бешир-молле а хьаьжна “ПетIамат! и лаьтта Бешир-молла ву хьуна тахана дуьйна хьан да”, шега алар. Кхунна Дудегара гIо оьшура, амма кхо мел чIогIа орца даьккхича а, кхуьнан мохь Сибрехахь волчу Дудина хезар а бацара, цунна хезча а, кхуьнан къинна Дудин дегIахара гIоьмаш а, буржал а дIа а даьккхина, и кхунна гIоьнна ваийта цигахь а, цхьаннахьа а стаг а вацара...

- Хьо хьераваьлла?.. хьо эгIийна?.. дIавала! дIавала!.. дIавала суна гучуьра!.. Йита со!.. йита со!..- аьлла шийла мохь хьекха йолаелира ПетIамат.

Бешир-моллига цуьнан мохь ца лабелира, иза, чехка сехьа чу а иккхина шен йоккха шаьлта баттара а яьккхина, кху цIийнан лохачу неIарал чоьхьа а ваьлла:

- Ма хьекха мохь!.. – олуш, вуса а велла, дIахIоьттира.

Сона чу а хебба йоьлхуш Iечу ПетIамата, лепачу шаьлтанах шен бIаьрг кхетча, юха а, “гIенах ду техьа хIара”, - аьлла, шен бIаьргех куьг хьаькхира. Амма цунна хIара самах-м карийра. Цуьнан са малделира, кийра шийлачу шан гIорзанах буьзира, цуьнан бIаьргех луьста хи хьаьдира, иза мохь хьакха ца яьхьаш дуткъачу озанца меллаша йистхилира:

- Дада, ахь хIун до?.. Ахь хIун до, дада?.. хьуна хIун хилла?.. Дада, ас хIун дина хьуна?.. дIавалахьа, дада!.. дIаяккха и шаьлта!..

- Ма ле схьа!.. кхин чIикъ дIа ма баккхалахь!.. ас пархъаьлла и корта дIабоккхур бу хьан...

Цу тайпана Бешир-молла вистхиллалц, ПетIамат цо лелочух дика теша а ца тешара. ТIаккха а билггал ша ен воллу-кх аьлла дагадеана хIара дIасахьаьжначу заман чохь, кора чубаийтинчу гIорах боллучу зайлех шен бIаьрг кхетча, ПетIамат меллаш пенах хьарчаш нар тIера охьа а йоьссина, цу некъехьа долчу корах букъ а тухуш дIахIоьттира, елхар дикка лах а дина.

- Ма елха ца боху ас хьоьга? шайтIа!..

- ХIун... хIун... дийр ду ас ткъа?..

- ХIун дийр дара ахь? Я ас бохург де, я яла кечло! Хезий хьуна? шайтIа!.. иблис!.. копур кериста! ХIун до ахь, яла алий! Ас бохург до ахь, я яла лаьа хьуна?

- Дада! хIун?.. хIун?.. муха мегар ду и!.. Хьо сан да вац? Дудас хьох тешна ца йитина со?.. аьлла, ПетIамат са мал а делла, кораца охьайоьдуш лаьтташ, цIеххьана, Бешир-моллас шаьлта шен бехк боцчу дегIах цIий къасто яьккхина хилар юха а дага а деана, хьала а нисъелла, жимма харц къажа а къежна, ПетIамат йистхилира:

- Жимма садаIийтахьа соьга!.. ТIаккха ас жоп лур дара хьуна.

- Бешир-моллин цергаш елаелира. ПетIамата ша бохучунна тIеерза юьхь йолийча – даIа хьайна! – аьлла, шен шаьлта дегIаца охьа а яхийтина, хIара, цIенкъа а хьоьжуш, ойла ян хIоьттира.

Оцу заман чохь, елхаран къурдаш а деш, тIехьа куьйгаш а дахийтина цаI деш лаьттачу ПетIаматан, Iа а ца елла, елхаран мохь белира.

Беширан-моллин вуьшта а къаьрзина долу бIаьргаш шуьйра къаьрзира. Цуьнан юьхь макхъелира, шаьлтанан мукъ чIогIа буйна а къуьйлуш, меллаша ПетIаматана тIе а волалуш:

- Ца дойца ахь ас бохург?... Делахь сан карах ле хIинца!... ас доккхур хьан сан, - аьлла, шаьлта айъира моллас.

Оцу меттехь арадIахула гIоран зайл чубаийтинчу хир чу, ша схьабаьккхина жима зайл Iуьттуш, гIуй дикка дIа а хилийна, Iаьш йолу ПетIамат, цIеххьана тIехьа йирзина, шен ницкъ маббу чIогIа, ший а буй тоьхна, бIаьргаш а дохош, кор дIа а диллина, Iункар урамановкъа чуиккхира, цхьалха кучаца, ирх дихкинчу можачу йовлакхца. Амма и кор-м ПетIамат сел чIогIа ца хьаьвзича а чоьхьара зайлаш дIа а даьхна, жимма меттахъхьадича атта дIаделлалуш дара.

- Iийтт наччаIаж яI-акх! – аьлла, Бешир-моллас ластийна шаьлта коран лакхарчу терхех кхеттачохь йогIа а елла йисира. ТIаккха кхо ара а кхевдина, - Ма ядалахь дIа! Ма ядалахь дIа! – аьлла, мохь туьхира. Амма ПетIамат, кхуьнан мохь хаза а ца хезаш, ша – шена орца даккха мохь а ца хьакхалуш, чIогIа юьхь къаьрзина дIаедда-м йоьдура.

Бешир-моллас, и ца социйла шена хиъча, чехка яьккхира кора йоллу шаьлта схьа. Иштта чехка, чуьрчу жимчу стоьла тIехьа лаьттачу лампина хIуп а аьлла, корах ара иккхина, ПетIаматана тIаьхьа хьаьдира, беттасехь йоьлу шен керара шаьлта тIаьхь-тIаьхьа чIогIа буйна а къуьйлуш.

Кху готтачу урамна дехьий, сехьий могIара лаьттачу лохачу цIенойн кегийрчу корашкахула наггахь бен лампин серлонаш а ца гора, и гурш а дикка кIезгачу ницкъаца а яра. Сийначу стиглахь кхозуш хIоьан буьйран басахь догуш кегийра седарчий а дара, кхозучу баттаца серло тохар къуьйсуш санна лепа а лепаш. Наггахь, цхьаццанахьа кертарчу дитташ тIехь котамаша деттачу тIемийн гIовгIанаш а хезара. Кху ураман некъана гена доцуш охьадогIучу хин гIовгIа а яра хезаш, астагIчу стага юкъ-юкъа астагI эккхий когаца доккху тата санна, наггахь гIовгIа алсам а йоккхуш.

Корехь гIийла йогу лампа а гуш лаьттачу мокхачу хьуьжаран лохачу неIарехь:

- Ва... ва орца!.. орца!.. – аьлла шийлачу маьхьарца ПетIамат охьаюьйжира.

И охьайоьжна минот а ялале, тIекхиинчу Бешир-моллас кхунна тоха шаьлта айъира. ПетIамата даьккхина орца хезна цIеххьана кху неIарехула араэккхаш воллучу ондачу мутаIеламо – ХIей, хIун до ахь? – аьлла, Бешир-молла куьг схьалецира, айъинчуьра охьадале. И сурт гинчу ПетIамата, цкъа Iадийча санна цец а а яьлла, юха а шен бIаьргаш меллаш дIахьабдира, шен садоккхуш шена ца гайта санна. Бешир-молла шен куьг юха а даьккхина воьхна, ойла ян хIоьттира, мерах шок а етташ, цул тIаьхьа ПетIаматана хIорш ца гора, цуьнан бIаьргаш, набарна дийшича санна, чIогIа хьаьббера, кхераелла дог кIаддаларна.

Бешир-молла вевзина, мутаIелим юха а вистхилира.

- Ахь хIун до, молла? ХIара хIун ду?

Оцу заман чохь, ша ПетIаматана лелийнарг гучудаьлча, наха юккъехь валлалц шен дов долчу сийн а, цунна дуьхьал шенна мацца бина а, бен болчу бекхаман а кIорггера ойла еш лаьттачу Бешир-моллина юьхь харц елаелира, аьтту бIаьрг жимма горг а луш. Цул тIаьхьа Бешир-молла вистхилира:

- Чохь дуьйцур ду вай, тIаккха хуур ду хьуна, хIара хIун юьхьIаьржо ю-м... ДIалацал, чуйига вайшимма хIара, - аьлла тIаккха шен карара шаьлта охьа а тесна, Бешир-моллас ПетIаматан ши ког ша а лоцуш, мутаIеламе белшаш а лацийтина, шиммо а чу а йигина, гобаьккхина бийшина Iохкучу мутаIеламашна юккъе даржийна Iуьллучу истанга тIе, дакъа санна яхъеш охьайиллира.

- Чохь моггIар бийшина Iохку мутаIеламаш, кхеран гIовгIанаш хезна, чехка хьала а лилхина, шайн-шайн шаьлташна тIе беттабелира. ТIаккха, чохь шайн молла а гича, уьш кхин луьра хьийза а ца гича, шаьлтанаш охьа а тийсина, могIар кхозу шайн бес-бесара гIовталш тIеийзо буьйлабелира: - хIара хIун ду?.. хIара хIун ду? – бохуш. Царех цхьана мутаIеламо чехка кора тIе а хьаьдда, йогуш лаьтта базаран лампа хьалауьйзира. ПетIаматан Iаьржа деха ши цIоцкъам лепа а доладелира.

- ХIара гIам девзий шуна? – элира, Iуьллучу ПетIамате а хьоьжуш лаьттачу Бешир-моллас, шен къоьжа, даьлла ши цIоцкъам доцачу хьаж тIе хьала а кхуьссуш.

- Евза дер-кх!.. Вайн ПетIамат яц хIара? – аьлла, юкъ-юкъара мутаIеламаш бистхилча:

- Яц дера хIара-м вайн! Вайна мотта-м моттара ю, и бакъ ца хилла. ХIара гIам!.. адаман йилбаз!.. Нехан хилла, нехан! ХIара шен дегIан дола дан стаг ца хилла!.. Вайн юьхь ларъян адам ца хилла!.. Хезий шуна, хIара шайтIа хилла?

- Иштта Бешир-моллас ден къамел жимма чу са деана Iуьллучу ПетIаматана дуьйцург ца а къаьсташ хезира. Амма хIара цунах бIаьргаш схьаделла-м ца яьхьара. Цуьнан дегI дегадора. Иза хьацаран кIур а хилла Iуьллура, гIенан кхоьлах санна Мусост дуьхьал туьйсуш, кхунна къаьстанна сирла дуьхьал тесира, цхьана дийнахь шега аьлларг. И дара, хIинца цхьа шо хьалха, Мусост дIалацале.

Суьйранна чубузуш лаьтташ малх а бара, ша чубузу го берриг а цIий а бина, эвла йистерчу акхтаргаш юккъехула охьадогIучу хи йистехь суьйранна гулбелла лаьтташ кегий нах а, зудабераш а дара чIогIа сакъералуш, вовшашца къамелаш а деш. Царна дукха гена доцуш лаьтташ ПетIамат а, Мусост а дара чIогIа къамеле даьлла. ПетIаматан шен карара чами ловзош нагахь шаьшшинна юккъехь лаьттачу кIудалх тухий, ларамаза гIовгIа а йоккхуш, кхеран къамел кIорге даьллачу хенахь Мусоста, цхьана хIуманна-м цIеххьана юха а иккхина “делаца дуй боу ас, хьо соьга яллац, хьуна бохам баьллачу меттехь нанас винчу вашас ден долу гIо хьуна дан”, - аьлла, шен Iаьржачу мекхаш тIе ка яьхьира. Иштта и дешнаш дар-кх хIинца Бешир моллагIарна юккъехь Iуьллучу ПетIаматана дуьхьал теснарш.

- ХIун ду хIара, дан мукъана? – аьлла, мутаIеламаш юха а бистхилира.

- ХIун хир дара хIара? ЮьхьIаьржо бен яла йиш ярий зуламечу бIогIаман Дудин йоIера. ЮьхьаIаьржо ю-кх, юьхьIаьржо!... ПетIамат, цIеххьана шен дуткъа цIоцкъамаш генна хьала а кхиссина кIегар а хиъна: - м-мила?.. бах ахь?.. Ахь хIун дуьйцу.. ва молла!.. ХIунда дуьйцу ахь харцдерг? ХIунда кхулла ахь бакъдоцург? – олуш, цкъа пенаца хьалашершина, юха а цIеххьана, шен кIажин пхенаш цистича санна, лесташ охьа а хиъна, йист а ца хилалуш чехка къурдаш а деш, Бешир-молле хьежа елира.

МутаIеламаш цкъа ПетIамате хьовсуш, тIаккха белшаш а сеттош, вовшашка хьовсуш, цец в бевлла лаьттара, хIинццалц юьрто а хазалла, куц долуш, гIиллакх долуш юьйцуш йолчу ПетIамата эхь дина бохуш шайга дийцарна.

- Хезирий шуна цо дуьйцург? Гой шуна зударийн хIилла? Церан харцо? ХIинца дош дарий цуьнан дегIах Iоьттина шаьлта чекх ца яьккхича?.. Тиларчу яхана ю аьлла ца Iеш, - аьлла, Бешир-молла тохавелча:

- Со, хьоьга ца йирзича тиллийца, - аьлла, ПетIамат хьалаэккха юьлийра.

- ХIинца гуттар шайтIанийн лааме йоьдуш лаьтта иза, дIалаца! дIалаца! – аьлла, моллас мохь хьаьккхира.

- ХIунда дуьйцу ахь харцдерг? Хьо-м динан да ву бохуш ву!.. Со-х хьох тешна йитина ю!..

- ХIун деш лаьтта шу? ДIалаца ца боху ас шуьга и?- аьлла, Бешир-молла юха а вистхилира.

- БисмиллахI, везан Дела хьо воккха ву-кха!... – аьлла, шина мутаIеламо тIекхетта ПетIамат дIалецира. ПетIамат, Бешир-моллин дешнаша лазийна дог гIелделла йоьжнера. Цуьнан беснеш тIехь мокха тачанаш дара...

- ШайтIанийн тIома кIел чIагIлуш йоллу хIара ПетIамат, жайно ма бохху еттарца, цу шайтIанийн лаамера схьа а яьккхина, вай хIокху сохьта бехкениг схьавийцийта веза, аьллачу Бешир-моллас, цкъа ша-шега элира: “хIинца гIелъеллачу меттехь йиттича лийр яц теша хIара”, - тIаккха – охI-хIо-охI - аьлла йовхарш а тухуш, шен еха маж а шаръеш, - вайна са хила герга а дахна, хIокху сохьта дан деза и гIуллакх, - аьлла: Бешира-молла шена дуьххьал лаьттачу кора тIера жайнеш цхьана агIор а теттина, охьалахвелира. Цуьнан сапаргIатделира цуьнан дог ша кIелхьарадала гергадахарх доккхадеш, доьлуш дара. ПетIамат дIалаьцна Iечу шина мутаIеламо шаьшшиннан доьхкарш чехка схьа а эцна, юха а ПетIаматана улло охьа а хиъна, хезий хьуна, ПетIамат?.. Самаъяьл!.. бохуш, и хьеста волавелира.

- Схьабийца уьш! Схьабийца уьш! – аьлла, ши мутаIелам ПетIамат дIа-схьа а тухуш а, тIечевхира.

- Стенна ийзало шуьшиъ?.. – аьлла, Бешир-молла ша Iечохь тохавелира.

- АстогIфируллахI ала!.. астогIфируллахI ала!.. схьабийца уьш! Схьабийца уьш!.. – бохуш ши мутаIелам ПетIаматана дегIана доьхкарш детта волавелира, цуьнан гIийла мохь а оьхуьйтуш.

Ехха йиттира шина мутаIеламо ПетIамаьана настарех а, нокха тIе а, агIох а, шайн ка яьллачу массо метте а сийна томмагIаш а хIиттош. Цуьнан сибато сийна бос эцнера...

Хьацаран кIур а хилла етташ воллу ши мутаIелам чIогIа кIадваларна, саца а сецна чехка са а доьIуш, ПетIамате хьежа велира.

- Цкъа ладугIур вай!.. – аьлла, Бешир-моллера омра хилча, ши мутаIелам шаьшшинна тоьхна хьацар гIовталан тIемашца дIа дохуш юьстах велира. Цул тIаьхьа, хIорш бехха Iийра тIама юккъера яьккхича санна, буьрса, ирча Iуьллучу ПетIамате наггахь дIа а хьовсуш.

Оцу заман чохь, арара сийна стигланаш седарчий дIалоцуш макхъяла юьйлира, маьI-маьIнехь нIаьнеш а кхойкхура, летачу жIаьлийн гIовгIанаш а яра геннахь хезаш.

Тховса шаьш еттарх ПетIамат елча, тIаьхье дика ца хила мега шен, аьлла дагадеанчу Бешир-моллас, юха а ПетIаматана доьхкарш детташ воллучу шина матаIеламе элира, - хIара Iуьллу ПетIамат Делан лаамца яхна шайтIанийн кера, цундела вайн кхунах гIуллакх а ца хуьлу, цкъа йита еза хIара, Делан пурбанца ша йогIур метта. ХIинца кхунах дан дезаш кхин ду. Вайна садаьржаш доллу. Со Iуьйранна ламазера цIа вахна тIе хIума а юьйхина воггIушехь, шух щимма ара а ваьлла, тхан цIийнан тхьамданаш гулба беза, кху гIуллакхан кхел ян ховша, хезий шуна?

- Хеза тхуна-м.

- Делахь, чехко е-кх, - аьлла, Бешир-молла, кIелдIахула ПетIамате а хьоьжуш, аравелира.

Малх дикка лакхабаьлча, кху хьуьжара хьалха Бешир-моллин омрица ПетIаматан тайпанан тхьамданаш гуллуш лаьттара, тIехь чоьэш, гIовталш а йолуш, лекхалла аркъал охьакирчинчу куйнашца.

Нах чехка бевлира гулбелла. Iаьржачу чоьийца Бешир-молла а веана тIехIоьттира: - Ассалам Iалайкум, Iуьйе дика хуьлда шун! – аьлла.

- Ва Iалейкум Салам, - аьлла, баккхийчу наха роггIана цуьнан куьг лецира.

- ЧугIо вай, - аьлла, Бешир- молла хьалха а ваьлла хIорш хьуьжар чу бахара. Шаьш чу бевлча, Бешир-молла баьрче а воккхуш, баккхий нах шайн кIайн, хьаьрсан, Iаьржан мажош тIе куьйгаш а хьоькхуш, шуьйра го беш миндарш тIе охьахевшира.

ПетIамат, жимма чу са деана, керла далийна нускал санна, аьрру агIор сона чохь лаьттара ши куьг юьхьа тIе а диллина. Цуьнан настарш таьIIина сийнахь басахь гора, царна тIехь дохкуш детта цIийш дара. Цуьнан гIодаюкъал дикка кIайчу куча тIехь -маьI-маьIнехь цIечу зезаган суртахь хьоькхнаш йохкура. ПетIамат дог диллана яьллера шен дегIах кхунна ша бохург бакъ хетар доцийла хиънера, хIара Бешир-моллин бехк ца бийца дагахь сецнера, хьераяьлла ю аьлла, тохара санна, юха а шена еттарна кхоьруш.

Баьрчехь Iен Бешир-молла цкъа йовхарш а тоьхна шен беха мара а озийна, гIеххьа садоккхуш, ПетIамате а хьаьжна, вистхилира: - ДIаялол, сени чу ялал хьо!..

ПетIамат, шен дукха йилхина дистина бIаьргаш бен кхин юьхь ца гойтуш, жимма уккал а таIийна, берзанчу когашца сени чу елира.

- И дIадахана гIам девзий шуна? – олуш, Бешир-моллас шен ворта яхйира.

- Дудин ПетIамат яц и? – аьлла, моллина улло Iечу совдегара хьаьжачо нилхачу цергаш юккъехула туйн дарц туьйхира.

- Яра цкъа-м, хIинца-м яц, -аьлла, Бешир-моллас шен буйнара ал суьлхьанаш чоьин чета доьхкира.

ПетIамат, бIаьргех даккхий хин тIадамаш а оьгуш, сеничуьрчу жимче корехула Бешир-моллагIар а гуш лаьттара, шен Дудегий, Мусостей дагахь орца а доьхуш. Амма, цаьрга сатийсар эрна-м дара, уьш кхунна сов генахь хиларна а, маьрша цахиларна а.

Кху сенин неIарехь ши мутаIелам а вара, наггахь ПетIамате а хьоьжуш, багахь цхьацца аяташ а доьшуш лаьтташ.

- ХIа-хIан, нах, соьга еанарг йоккха юьхьIаьржо ю и вайн ПетIамат Iалашъян тIелацар бахьанехь. Иза шен ма хуьллу сан а, вайн массеран а сий дойъуш лелаш хилла хIинццалц вайна хаа а ца хууш, и гIам!.. Йилбаз!.. шайтIа!.. – аьлла, мохь а тоьхна охьа а хьаьжна, юха а элира: - дуьйцуш оьзда дацахь а, хIара гIуллакх ма дарра шуьга дIа ца хаийтича дер дац.

- Дийцал ахь!.. Дийцал! – аьлла, баккхий нах а бистхилира.

- Шуна ма хаъара ас кхобуш яр-кх и Дудин ПетIамат, аш ца динарг сан доццушехь, сох тешна йитина ю-кх иза, цуьнан къа вайн юьртах ца латор ас, бохуш, аша сайна денна дечу диканех ах дика цунна а дойъуш. Бакъду, со цуьнан куьцо Iехийра, суна чIогIа цунах цхьа адам тарделлера. Амма и бакъ-м ца хиллера. ХIара боьха жIаьла хилла! – аьлла, соцангIа а хилла Бешир-моллас шен къамел юха а дIадолийра: - ХIара бIаьсте яьлчахьана бус-буса хан яьллачу хенахь ПетIамата ша йолчуьра кор доьллуш татанаш хезара суна...

- Бакъ дац!... Бакъ дац!.. Ма тешалаш, бакъ дац шуна и!.. – аьлла. ПетIамат баккхий нах болчу чухьаьдча, шина мутаIеламо сацийра. И ши мутаIелам а ПетIаматан тайпана вара, моллас ПетIаматах гайтинчу ледарлонна чIогIа шаьш-шинна эхь тIедеана аьлла хеташ а вара.

- И ца аьлла кхин хIун эр дара цо? – аьлла Бешир-молла велакъежира.

- Тиларчу яхана ю-кх иза, - аьлла, совдегар-хьажо вистхилча.

- Я дера-кх, сийсара дуьйна-м и тиларчу яхана, оха-м боккха бала хьегна, цунна етташ, и метта а ялийна цуьнга бехкениг схьавийцийта. Амма, цунах тхан дош-м ца хилира Далла ца лиъна дела... Вайна доккхачу гIуллакхан къайле гучуели. Вайн вешан юьртан сема кхетта гуьйриг гучуели, - аьллачу Бешир-моллин сибат харц гора, цо шен чучча биллина ши ког хийцина а биллина, юха а шен къамел дIадолийра: - хIара гIуллакх гучу ца долуш дIадаханехьара, юрт кхерамехь яра, хастам бу хIара юрт лаьтта буха ца яхийтинчу Далла, кху юьрта цо хIорд цахецарна; кIур бина яга ца еш хIара юрт хIинццалц латтийнчу, цу Далла хастам хуьлда... Шуна ма-хаъара ас кху юьртахь цомгаш хиллачу нахана а, шайтанаша Iехийнчарна а, бохамаш хиллачу нахана а даьхначу жайнеша гIоле йина меттиг яц. Бакъ дуй и, нах?..

- Ду, дера! ду, дера! – аьлла, массо стаг а вистхилира.

- ТIаккха а шуна ма-хаъара, хIокху шина шарахь ваьшта кху юьртахь йокъа хIоьттира вайна, массо а заман чохь со хьалха а вохуш, маьждигехь белхарца Деле догIа а доьхуш, вайн и цо и догIа шен заман чохь дала а луш. Бакъ дуй и, нах?

- Дера ду!.. дера ду!..

- Иштта долу и гIуллакхащ цахиларан бахьана, боьха ПетIамат кху юьртахь хилар ду! Дала а, дикчу наха а аьлла ду, ПетIамат санна йолу зуда юьртах хилча, йокъа-м муххале а хир яра, юьртана беркат-м муххале а хир дацара, тIе, и юрт лаьтта буха яхарна кхерам а бу, буха ца йодахь а, йоьхна, яьржина дIаяха герга а ду. Иштта шех кхерам боллуш ду-кх и сени чуьра гIам!.. шайтIа!.. копур кериста!.. ХIинца вай жайнин бакъонца ПетIамат ен еза. И вай ца ехь, иза, кхечу юьрта, я кIотара йигахь, хIокху шина кхаа шарахь вайн юьртахь латтийна Iазап цигахь а латтор ду цо. И йолчу меттехь йокъа цахилча йиш яц, и кхаьчначохь ялта хьекъа амал дац, беркат довр ду, Дала шега динчу доIана жоп лур дац, цундела, жайнин дешнашна тIе а тевжина, вай цуьнан са даккха деза!..

Бешир-молла дуьйцург хаза а хезаш, йоьлхуш, шашех леташ лаьтта ПетIамат Iа а ца елла, берриге а шен дегIехь болу ницкъ а гулбина, мутаIеламаша сецошшехьа, чу а иккхина, Бешир-моллех а хьаьрчаш, шийла мохь хьаькхира: - Стенна йоь ахь со?.. ХIай молла, хьоь луьй со-м!.. Со хIунда яьккхи ахь нахала? ХIунда хIоттий ахь со юьхьIаьржа? ХIунда ца хета хьуна эхь? Карчаехьа хьайн харцо! Дийцахь кхарна бакъдерг! Дийца! Дийца! ХIай, молла, валахьа, кхарна бакъдерг дийций! Валахьа чехкка дийце! – аьлла, ПетIамата шен легаш лаьцча, Бешир-молла, кхоьссина цуьнан куьйгаш дIа а дахийтина: - ЛаилахIа ИллахI!.. Хьо доккха хIума!.. Хьо тамашина хIума, мел чIогIа елла-кх ахь и шайтIанийн кара, - аьлла, тховх хьалахьаьжира.

- Зударий шайтIанаша божарел атта тилор бу, аьлла ма ду Делан дош, - аьлла, совдегар-хьажо вистхилча: - бакъ ду-кх иза, бакъ ду-кх иза, - аьлла, баккхийчу наха а кортош таIийра.

МутаIеламаша арайоккхуш лаьттачу ПетIамата, хеца а елла юха чу а иккхина, мохь хьаькхира: - тхьамданаш, ма хетийша со харц! Ма хетийша со тилла! Ца яьлла шуна со хьер, ца яьлла шуна!.. Ца яьлла со шуна со хьер!.. – бохуш, баккхийчу нахах тийсалуччохь ПетIамат легаш а дакъаделла, йист а ца хилалуш охьаюьжира. Оцу заман чохь, хIара сецош воллучу шина мутаIеламо тIекхетта ПетIамат айъина сени чу яьккхира.

- Цо лелориг-м шен тиларчу яхар дара, хьайн къамел чекхдаккхал ахь, Бешир-молла, - аьлла, хьажо вистхилча:

- Кхин дIа дац сан къамел-м, хIинца вай хIокху сохьта кху гIуллакхан цхьа сацам бан беза-кх, мичча тайпана даьккхина а цуьнан са даккха, - аьлла, Бешир-моллас шен можах ка хаькхира. ТIаккха шен сийначу меран буьхьига тIе хиъна моза дIа а эккхийна, юха а вистхилира: - хIун хета хьуна, АлчагIар?

- Ен еза!.. кхечу къаьмнашна хьалха а вай юьхьIаьржа хIиттий цо!..

- Ахь хIун олу, Оьлбаздукъа?

- Са даккха деза, оьрсашна хьалха а вайна юьхьIаьржо йин цо!..

- Хьуна хIун хета, Хьаьжа!

- Сан даккхаран чехко ян еза! Тоьар ду хIара юрт кхо хIинццалц Iазапехь латтийча! Тоьар ду кхо хIинццалц йокъа а латтош вайн юрт мацъяр, кхин минот яккхийта ца еза цу Делах даьллачу шайтIане. ХIара юрт, ахь ма боххура, оцу Дала дика а йитина хIинццалц тоьпан молха дина ца оьккхуьйтуш... Бакъду-кх, со хIинца и боьха жIаьла чохь долчу кху хьуьжар чохь чIогIа кхоьруш а, сайн ма хуьллу еза цIераш йохуш а Iар.

Бешир-моллас вукху агIор в вирзина, хаьттира: - Шуна хIун хета? – аьлла.

- Тхо а аш бохучунна реза ду-кх, - элира ладоьгIуш Iечу баккхийчу нахах еха Iаьржа маж йолчу цхьа онда воккха стаг воцчо. И стаг, корта а оллийна, ойла еш Iара.

Иштта ден къамел а хезаш, легаш а дакъаделла, елха а ца луш, йист ца хилалуш сени чохь лаьттачу ПетIаматана, цIеххьана, дегIан массо а пха цхьана уьраллийца хадий мотталуш кхерамца ийна лазаран тулгIе туьйхира.

ПетIамат, ша лаьттийла хьийзаш ю мотталуш, бIагор а беана охьаюьйжира.

- ХIета, шу массо а реза ву-кх? – аьлла, Бешир-молла вистхилира.

- Ду дера, ду дера, ду дера, - элира юха а, Iаьржа маж ерг воцчо.

- Делахь хIета, шу реза делахь, и ен цхьа кеп хаьара суна!

- Дийцал ахь хьайна хетарг, молла, хьуна дикахо а хуур ду и еран кеп, - элира совдегар – хьаьжочо.

- Сайна цунаъ ян еза аьлла хета кеп шуьга дIайийцале, шух цхьаболчушна ма-дарра хууш цахиларна цкъа цхьа гIуллакх дуьйцур ду ас, -аьлла, Бешир-моллас маж а кIамйина, шен къамел дIадолийра. – Стохка хIоккху хенахь, пхьуьйран ламазера, суьлхьанаш а хьийзош, вайн готтачу урамехула цIа воьдуш лаьтташ, цIеххьана, “баба, хIунда кхусса ахь и цIерга? баба!.. Ма кхосса, и-м къурIан дай!.. Ма кхоссахьа, баба!..” – бохуш, цхьана гIийла лампа а йогучу лохчу цIа чохь мохь хьоькху а хезна, цу юххе а вахана, къайллах чу а хьоьжуш, ладогIа со хIоьттича, суна хезнарг, гинарг, вайн веччанна ма хозийла, ган а ма гойла”. Ма хьекха и мохь! Нажжаз!.. Ма хьекха ца боха ас хьоьга? – аьлла, цхьа дукха дилхина даккхий бIаьргаш долу, екъна лекха нана боху гIам шена тIечевхича, Iад кхуссург хилла волчу цу ненан кIант юха а мохь хьаькхира: “Баба!.. баба!.. ас кхана молле хIун эр ду? КъурIан стенга дахана аьлча, ас молле хIун эр ду?” – аьлла, и бер, цIекъа а доьжна, дилхича, нанас катоьхна и схьа а лаьцна, цкъа тоха а тоьхна: - “Ас дагийра аьллахь, ас! ас!.. хезий хьуна? Ас дагийра аьллахь!.. Байн даьхний моллас, я цхьана верасо, хIинца моллас вайн йиина ши бугIа-кIорни санна диъча, хIинца вайшиъ санна, моцалла даларх, ца моллех ца леташ, цуьнца дов ца лелош къематан дийне хьежа бахарна ас дагий аьллахь!” – аьлла, и зуда, шен къежъелла месаш а ийзош, шийлачу маьхьарца, ерзанчу цIенкъа йоьлхуш охьаюьйжира. ШозлагIчу дийнахь ас ма дарра и гIуллакх кху чуьрчу хьаьже а тIехь цхьаболчаьрга дIа а хаийтина, цул тIаьхьа цуьнан вешега, цу зудчо къурIан дагадарх хIара юрт дикка кхераме юйла хаийтарал совнаха, КъурIан дагийна шен йиша ерах цунна тIе цIий ца догIийла а хаийтина, цо шен и йиша, хьаьжкIаш юккъе а йигина, ен а йийна, цигахь ор а даьккхина, дIайоьллира, хIетахь дуьйна и урд долчу дас ца охуш а ду, ахан мегар доцуш а ду, дийна ялта денлур доцу дела, цу уьрдан кийрахь жоьжахатен бIогIам балларна. И юьйчу заман чохь суна дага а ца деара цуьнан веше ала, иштта йийна зуда дIайоьллина меттиг стагана кхерамехь хилар.

Цунделла, - аьлла Бешир- моллас шен баьшна корта гучу а боккхуш, шен Iаьржа лекха куй кара а биллина, юха а шен къамел дIадолийра, - цу тайпана хIара ПетIамат а нахана оьшуш долчу лаьтта тIехь ца юьйш, цхьанахьа хьуьнан кIорге а йигина ен еза, са даьллачу меттехь цхьа кIаг а баьккхина дIа а юллуш.

ТIе хIара йийна довллац юьртана хаийта а ца деза. Хьанна хаьа, цхьа шен бала боцу боьху стаг гIоттий а. Иштта и ду-кх суна бакъахьа хетарг, делахь а шуна луъург-м дийр ду вай.

Сени чохь, юьхь тIе, берцан буьртигаш санна, хьацар а тоьхна Iуьллучу ПетIаматана кхеран къамел ца хезира, иза Iуьллура шена еттарна Iаржабеллачу некха юккъехь Iуьллу, Бешир-моллас сийлалла хир ю аьлла еза цIераш тIеехкина хIайкал садаIарца наггахь ирах а кхуссуш, бIаьргаш а хьаббина, йист а ца хуьлуш.

ЦIеххьана, тохар хьалха вист ца хуьлуш Iийна Iаьржа маж йолу тоьлла воккха стаг, хьала а иккхина, вистхилира:

- ХIа-хIа, нах! Со реза вац и ерна. Цуьнан бехк бац-м ца бах ас, делахь а тIаьхьа шел совнаха кхин са доцуш гIийла стаг ю иза, хIокху сохьта-м муххале а. ТIе, хIумма а тамаша а бац вай и ерах а, стохка йийна йоккха стаг ейтарх а. Вай гIийлачарна ницкъа бан сов тIера ду. Шуна биц ма лойла, стаг вийначунна вай беш болу бекхам. Шуна биц ма лойла вайн ваша бахьана долуш Сибрех а вахана Iеш волу ПетIаматан да Дуда. Цо юьтур ю аьлла хетий шуна ПетIамат вайна? Юьтур яц. Цо бекхам бийр бу. Цо муьлххачу а стагачул майрий, аттий бийр бу бекхам. И-м цигахь дог даьттIа лийр ву, аьлла хир ю шун ойла. Цунна валлалц Сибрехахь Iен тоьхна бохуш хир ю шун ойла! Иза, хIинца а билггал хууш дац. Масала, и цигахь лахь, тIаккха а ПетIаматана дуьхьал бекхам бан стаг вер ву! Вайн Iадатехь кхузткъа шо даьлча а бекхамна стаг гIоттуш дуйла шуна а хууш ду. Шу совцон сан ницкъ бац, аш шайна луург де, амма со кху бола юкъахь вац, - аьлла, воккха стаг, неI а тухуш, аравелира. Чуьра нах дикка вовшашка хьийсинчу заман чохь, Бешир-молла вистхилира:

- Стешха хилча а пайда бац... И нохчо воцийла хаан деза, и дIавахарх. Вайна хIума дац! Вай, цкъа, кху ПетIаматан дай ду, кху юьртарчу вешан таайпана дай а ду, тхьамданаш а ду. Вай динарг дохо мила хир вара кху юьртахь? Цул тIаьхьа, Далла кIел Iен ца дезара цуьнан? Нах!. Шу доха а ма доха, шу кхера а ма ло, вайна бекхам бан стаг вац. Масала, бекхамна гIаьттина стаг везачу Дала ша сацор ву, цунна ас тоьшалла до шуна. Масала, ша цIа ван а, ца ван а мегачу ПетIаматан дех Дудех вай кхерахь, иза эрна ду, хIунда аьлча, цIена нохчо, ПетIамат динарг шен йоIа дича, пархъаьлла цуьнан корта баккха декхарийлахь волу дела. И дийр долуш Дуда а вара, ша цIахь велахьара, цу боьхачу ПетIамата шен сий дайъарна.

- Бакъ боху! Бакъ боху! Бешир-молла, хьо нийса лоь, вай дIадолийна гIуллакх чекхдаккх деза, ца даьккхича, кхуна тIаьхьенна цамгар яларна кхерам бу. Бакъ дуй и, нах? – аьлла, совдегар-хьажо вистхилча:

- И бакъ-м муххале а дара, кхин дахда ца деза хIара гIуллакх, - аьлла, баккхийн нах а бистхилира.

- Делахь, тховса кху гIуллакхан йист йоккхур вай. ХIинца делкъан ламазана маьждиге гIор вай, - аьлла, Бешир-молла хьалха а волуш, хIорш арабевлира, шен кIархаш тIеозош тIаьхьависинчу совдегар-хьажочо, ша араволуш сени чохь дакъа санна яхъелла Iуьллучу ПетIаматан берзанчу когех шен еха баьццара оба хьакхаелча, мутаIеламе хи а дехна, цунах хьакхабелла шен обанан тIам биттира, ламазана цIена хир бац шена, аьлла.

Дукха хан ялале жамIатан химчу маьждигехь Бешир-молла ламазана кхайкхира:

- ОллохIу акбар! ОллохIу акбар! ОллохIу акбар!..

Оцу заман чохь ПетIамат жимчу хьуьжаран сени чохь ша-шех леташ яра:

- Хьо ма да адаме, суна хилларг хIун ду? Хьо ма да бусалбане! Суна кхоьллинарг! ХIинца сох мила тешар ву? ХIинца сох мила тешар ву?

Facebook Forum

Баду́ев, СаIид Сулейма́нович - нохчийн яздархо а, байтанча а, цул совнаха, нохчийн литературан бухбиллархо а ву. Бадуев СаIид вира 1903 шеран марсхьокъу-беттан 28-чу дийнахь, Соьлж-гIалахь. Цуьнан да махбархо вара. Жималлехь да-нана доцуш, байлахь висира иза. Иза Соьлж-ГӀалан реалан доьшийлахь (училищехь) доьшуш волчуьра дӀаваьккхира цуьнан дешарх дӀадала ахча ца хиларна. 1922-чу шарахь цо Буру-ГIалахь чекхъехира кооперацин курсаш . 1938-чу шарахь Совет Пачхьалкхахь яьржина хиллачу репрессийн таIзарна буха нисвелла, бехказа чувоьллира иза. Бадуев СаIидан дахаран некъ хедира Гулагехь, гIуран-беттан 20-чу дийнахь, 1938-чу шарахь. Ала догIу, Iедало репрессиш емалйиначул тIаьхьа, цуьнан цIе меттахIоттайира. Шен йоцачу оьмарехь ларийра иза иттанаш дийцарш а, байташ а язъян, цул совнаха, иза 15 пьесин автор ву.

XS
SM
MD
LG