ТIекхочийла долу линкаш

ХIара шо дола ма делли йоллу Оьрсийчохь тIетоьхна коммуналан хьаштех мах.

Оьрсийчоьнан низмашца, инфляцига хьаьжжина лакхабоккхуш бу коммуналан хьаштех лучу ахчанан барам.

Цундела, Керлачу шеран, эха батте дахделла даздаршна тIаьххье догIу, ойла ян а, корта лаза а денош.

Царех ду коммуналан хьаштех тIебеттало мах. Шо шаре мел долу, такха ца ло гIуда санна, тIедужу иза могIарерачу бахархошна.

Кху шарахь билгалбаьккхина тIекхеттачу механ зил. Иза юккъерачу барамехь 4 процентал а сов яла декхар дац. Иза бохург ду, 8 проценте кхаччалц лакхабала а магар.

Уггаре а кIезгиг и мах тIекхетта регионаш а билгалъяхна. ХIирийчоь а, Дагестан а.

Москох, масала 7 процент хир ю. Тахана хIоттина елахь а, дIакхайкхина яц Нохчийчоьнан тариф мел тIетоьхна. Иза билгал ца элира РКЦ олучу урхаллехь а.

Цундела юккъерачу барамехь 4 процент аьлла хаам бира Маршо радиога цигара белхахочо.

РКЦ-н белхахо: «Цкъачунна тIетоьхна дац. Лакхабала безаш-м бу цуьнан мах, амма комитето схьадаийтина дац тхоьга мехаш. 4 процент тIетохахьа, айхьа лучунна».

ХIора шарахь иштта мах тIекхеташ хиларх дIабоьлла бахархой. Ца делча девр дац, амма дог реза а долуш луш-м дац шаьш аьлла Маршо радиога дийцира къена яхархочо Абдулаева Сацитас.

Абдулаева: «Тхо, пенсионераш, дайа а дайина тIетоха деза-кх коммуналан ахча. Иза тIетоха ца дезара, иза охьадаккха дезара. Дуьне ма ду хIара, бIаьрг дIакъевличхьана, дIадер долуш».

Коммуналан хьаштех ахча дIадала дезаш хилар къуьйсуш а дац бахархоша. Кхета низамехь дерг ца дича долуш доцийла, ткъа, иза дIалуш хилча, цунна дуьхьал шен барамехь болх ца бо коммуналан урхаллаша, аьлла дуьйцу Абдулаева Сацитас.

Абдулаева: «Дукъа хан йоццуш канализаци юкъелла, ша ерриг чуоьхуш яра тхуна. КIира ца кхоччуш хан елира, иза тоян ца богIуш. Веънарг а веза а веш вара, тхан бехкенна иза хилча санна».

Ша чохь ехачу петарийн цIа чохь, цхьанна а тайпана дахаран хьелаш тодина дац боху яхархочо Абдулаева Сацитас. Ур-аттал, тоькан серий а ду, гезгамаша санна, наха шаьш дIатийсина, аьлла дийцира цо.

Абдулаева: «Тоькан серешка хьажа аьлла, кхайкхина монтер валийнера ас. Арахь ток чохь йолчу беттан неI схьайоьллушехь ток тоьхнера цунна. Куьг дIаIотта йиш йолуш а яц цхьа а хIума а, ток етташ. Тхан хIусам санна декъаза цIа суна схьахетарехь кху гIалахь а хира дац».

Кху шарахь коммуналан мах башха дукха тIекхетта а бац аьлла, дозаллийца дуьйцу Оьрсийчоьнан Iедалан векалша.

Цуьнан барам инфляцел а кIезиг лакхабаьккхина бохуш, дIахьедарш до цара.

Амма цхьаъ ду бакъ, шо шаре ирахъоьху коммуналан мехаш.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG