ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан вахархочунна Сасуев ИбрахIимна дуьхьал бехктакхаме гIуллакх даьккхина прокуратурано. REGNUM агенталло хаамбарехь, Шемахь террорхойн Iаморашкахь кечам бинчул тIаьхьа, «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан могIаршкахь ву Сасуев.

Дуккха а хан хилла Сасуевн хьокъехь материал талламан комитетехь луьсту.

Шема яха тохаелла Теркйистера Умиева Хьава лаьцначул тIаьхьа, Сасуевна дуьхьал шиъ бехктакхаме гIуллакх Iорадаьккхина прокуратурано: терроран Iаморашкахь хилар, кхечу пачхьалкхерчу тIамехь дакъалацар а.

XS
SM
MD
LG