ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанерчу эккхийтарехь 56 стаг вийна


Шинарийдийнахь Къилба ОвхIанистанан Кандагарехь кхечу пачхьалкхийн дипломатийн а, меттигерчу лакхарчу Iедалан векалийн а кхеташо дIайоьдучу заманчохь динчу эккхийтарехь беллачийн терахь 56 хьаладаьлла.

Бу царлахь Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн 5 дипломат а. БIеннашкахь бу кеп-кепара чевнаш хилларш. Дарбан цIийне кхачийначаьрца Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн ОвхIанистанера посол а, Кандагаран губернатор а ву.

Эмираташкахь 3 денна тезет ду кхайкхийна. Цкъачунна цхьаммо а шена тIе ца лаьцна дина теракт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG