ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталинна неIалт ала йиш яц Кадыровн а


Stalin and Kadyrov. collage
Stalin and Kadyrov. collage

Дечкен-беттан 9-чу дийнахь нийса 60 шо кхечира Нохчийн-ГIалгIайн Республика меттахIоттийна. Кху шарахь Нохчийчоьнан Iедало шуьйрра даздира республика меттахIоттийна де, вайн къам жоьжахатихула чекх а даьлла, дийна а дисина, Даймахка юхадерзар.

Цхьаъ а нохчийн доьзал хир бац вайн къам махках даьккхина, Сибрех хьажийча, чуьра стаг ца велла. Геноцид лайна нохчаша а, гIалгIаша а тахана а неIалт кхайкхош дагалоцу Сталинан а, Берин а цIерш.

И ша-тайпа вайн къаьмнашлахь хIоьттиначу ламастца а догIуш, Сталинна а неIалт кхайкхийра Кадыров Рамзана шен инстаграм агIонехь: “Сталин Иосифа нохчийн къам а, кхиндолу къаьмнаш а берда доьдучу хьоле кхачийра. “Делан неIалт хила цунна гутаренна!”

Kadyrov o Staline
Kadyrov o Staline

20 шо хьалха и дешнаш аьлча цхьамма а терго ца еш, де а далале дицдийр дара, амма тахана хIора шарахь аьлча санна Сталин хостуш телегойтиллаш а, филмаш а арайолуш хилар хийцина дукхачу оьрсийн Сталинах дог-ойла, кхоьллина цуьнга ларам а, безам а. Хетарехь, таханлерчу Оьрсийчоьнан карарчу Iедалан Сталине керла дика хьежам бу оьрсийшлахь цу чалтаче а, цо кхиинчу режиме а ойла хуьйцуш.

Цундела, Сталин емалъеш Кадырова дина и дIахьедаро цунна дарбина Сталин дага а воьхна иза везаш цхьаболу Оьрсийчоьнан бахархой. 'Хьуна хила неIалт, Кадыров,'

stalin kadyrov
stalin kadyrov

бохуш цуьнан дешнашна терго йинчех бу цхьаберш, ткъа вуьш нохчийн ямартхой бара бохуш, Сталина уьш къизза махках бахар бакъдеш, цу деспотана тIехIиттира.

http://gazetavv.com/news/world/1484119218-kadyrov-nanes-udar-po-skrepam-proklyal-stalina-i-poblagodaril.html

bud ti proklyat
bud ti proklyat

Татьяна цIе йолчу газетан дешархочо Сталин ца хиллехьара, дуьненаюкъарчу шолгIачу тIамехь СССР тулур яцара, Кадыров и дIахьедар дар тоьшалла до иза нохчийн националист хилар, бохуш яздо коммент йуьтуш артикл бухахь.

Со шек ву цунна истори хаьа аьлла. Хаахьара тап-аьлла Iийр вара я дагадаийта вай цунна Нохч-ГIалгIайчохь гIайренаш вовшах хьа еттар дуьненаюкъара шолгIа тIом болчу хенахь, бохуш яздо 210 ОКВ цIе лелочу дешархочо.

Цу кепара комменташ ешча кхета Сталинан заманехь нохчашна тIехь йина геноцид кхобалъеш дуккха а оьрсий тахана а буйла. Ур-аттала Оьрсийчоь езаш, цу пачхьалкхан уггар воккха ша патриот лору Рамзана а Сталинах бакъдерг аьлча, цунна а, нохчашна а неIалт ала кийча бу дуккха а оьрсий. Ала догIу, дуьнено а емалвинчу Сталина оьрсий а барам боцуш дукха байина хилар.

Сталин емалвахь а, тахана Сталинан заманехь лелла низамаш ду Нохчийчохь а, хьовха, ерриг Оьрсийчохь а держаш: цхьамма цхьа зулам дича, боллу гергара нах жоьпе озор; Iедална критик йича, хьалха Троцкист баьхнехь, хIинца Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан шпион ву олий, я чувуллу, я емалво хаамийн гIирсашкахь а, социале машанашкахь а.

Кадыровна неIалт бен ца аьллехь а, Сталина нохчий а, гIалгIай а махках бахаран лерина конференци 2014 шарахь Соьлж-ГIалахь дIаяхьарна чувоьллира гоьваьлла нохчийн бакъоларъярхо Руслан Кутаев, кхо шо ах шо хан а тоьхна.

Иштта, нохчийн къам махкахдаккхарх яьккхина кино ‘дицдан омрадина’ гайтар дихкина Оьрсийчоьнан Iедало, иза экстремисте а лерина.

Хетарехь, оьрсийн империно Нохчийчоь йоккхуш, яьккхина яьллачул тIаьхьа а нохчашна тIехь лелийна къизаллаш нохчийн къоман бехканна хилла боху кеп ю Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а яржош. Иза ойла хьан яцахь, тахана Оьрсийчохь шортта нах бу-кха хьуна а, хьоьца реза волчунна неIалт ала кийча. Гарехь, цу неIалтах Оьрсийчоьнна муьтахь волу Рамзан ца кхоово Сталин везачу оьрсаша.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG