ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный Алексей юха а кхелехь


Оьрсийчоь - Навални а, Путин а
Оьрсийчоь - Навални а, Путин а

Навальный Алексейна кхел яр юха а долийна дечкен-беттан 18-чу дийнахь. Цунна кхел яр сацийна дезачу деношанна. Киров гIалахь дIайоьдучу кхелехь тахана теш бара тоьшаллаш деш. Дагадаийта хьакъ ду, Путинна дуьхьал волу политик кхеле озор доьзна ду цо лечкъийна дечиг йохкарца. 2011-чу а, 2012-чу шерашкахь Iедалана дуьхьал протестийн куьйгалхойх цхьаъ хиллачу Навальныс дIахьедо шена тIехь кхел ярна бухахь политикан бахьанаш хилар.

Навальный президентан харжамашкахь дакъалаца шен Iалашо хилар дIакхакхийна. Нагахь санна шозза арахь яккха хан тоьхначу политикана набахте чохь хан яккха кхел яхь, цунна бакъо хир яц 2018-чу шарахь харжамашкахь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG