ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан вахархо маьршаваьккхина Гуантанамора


Куба - Гуантанамо
Куба - Гуантанамо

Iамеркан тIеман Гуантанамо базехь чохь ваьллина Оьрсийчоьнан вахархо Мингазов Равил дIавелла Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн Iедалшка, хаамбо Reuters-о Пентагонан зорбан-сервисан дешнашна тIе а товжаш.

Мингазов тIаьхьара Гуантанамохь вуьсу Оьрсийчоьнан вахархо вара.Оьрсийн Iедалша иза схьавоьхура, цунна дуьхьал официалан кепара бехктокхаман гIуллакх ца долийна хиларна, цунна Оьрсийчохь кхерам бац муттийтуш кеп а хIиттош.

Даханчу шеран аьхка Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнан вахархо арахеца шайн Iалашо хилар тIечIагIдира, амма Пентагоно дIахьедарца, Мингазов лууш вацара Оьрсийчу юхаваха, цигахь шена дахарна кхерам бу бохуш.

Билгалдаккха деза, Мингазовс Гуантанамохь 14 шо даьккхина хилар. Иза Iамеркан ницкъашна каравахара ОфхIанистанехь Талибийн могIаршкахь тIом бечу хенахь. Цунах шеконаш а яра иза Ал-Къайдан декъашхо хиларан хьокъехь.

Карарчу хенахь кхин а 30 тутмакх ву Гуантанамохь вуьсуш. Царах итт бехкево терроризмана, бисинчийн хIинца бехк къастийна бац, делахь а, уьш тIех сов кхераме хиларна ара ца хоьцу Гуантанамора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG