ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШарIан Iилманча Шишани Фейруз йоккхае ша бинчу харжамах


ШарIан къайленаш ястарехь саццаза къахьоьгучу нохчочух, вайнехан зударшлахь дуьххьара яьллачу ШарIан Iилман докторх Шишани Фейрузах лаьцна.

Зудчун метиг пеша хьалха ю, шен кхерч лелор ду цуьнан декхар бохуш, бусулба юкъараллехь шена эшамаш бешшехь, къар ца луш, оцу гурашкара а бевлла, Iилма толлу зударша божарийн могIаршкахь.

Оццу юкъанна историкаша бакъдо, Малхбузерчу зударийл а хьалха буьйлабелла бусулба зударий Iилма Iамо а, талла а бохуш.

ЮНЕСКО-н статистикан институто арахецначу артиклехь далийна цуьнан тоьшаллаш.

Нохчийн зударшлахь дуьххьара ШарIа Iилманан доктор Шишани Фейруз, Урдуне
Нохчийн зударшлахь дуьххьара ШарIа Iилманан доктор Шишани Фейруз, Урдуне

Масала, тахана бусулба 6 пачхьалкхехь Iилма Iамочу зударийн терахь лаккхара ду Iамеркарчу хьолаца дуьстича.

Царлахь ю Бахрейн, Бруней, Кыргыстан, Ливан, Туркойчоь, Катар. Боккха кхиам а, дозалла а хета мегар ду Урдунехь еха, дуьххьара зуда, Iилманча, ШарIа Iилман доктор Шишани Фейруз орамашца вайн махкара хиларна.

Маршо Радион аьтто хилира вайн махкахо лаха а лехна, цуьнца зIе дIатаса.

Хеттарш дуккха а дара тхан-м, амма дерриг а цхьана программехь дийца таро а ца хилла, шина декъе даьккхи ас сайн Iилманчаца деана къамел.

Шишани Фейруз шен дешархочуьнца
Шишани Фейруз шен дешархочуьнца

Маршо Радиона хазахета Iилманчаца Шишани Фейрузца гергарло тасаделла а, кхи дIа юкъарло дIакхехьа барт хилла а.

ТIейогIучу хенахь вайн кхи а хир ду Фейрузе хетта а, дийцийта а. Ларъе программа.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG