ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пашаев Абу - шатайпа Чечанара суртдиллархо а, байтанча а


Самурай Хасекура
Самурай Хасекура

Чечанарчу суртдиллархочунна, Пашаев Абуна моттарехь, хьекъале «хьекхначу» басарша, язйинчу байташа, синтем дебош, гIо до дахарх кхиа.

Дукха суртдиллархой а,дешан говзанчаш а хир бац кху доккхачу дуьненахь мозийн тезетахь чуьркан елхаран тидам бина. Иштачех ву чечанхо Пашаев Абу.Цхьана хьекъалчо ма-аллара похIма долу стаг жима говза хилла ца Iа. Царех,жимма говза а хилла «IадьIа ца хуучех цхьаъ ву Оьрсийчоьнан суртдиллархойн кхеташонан декъашхо,нохчийн меттан говзанча, японан байталлин агIонча,шенчул философ волу чечанхо Пашаев Абу.Дуккха а кхоллараллин наха а,дешан говзанчаша а даре дарца цуьнца къамел дар а бу цхьа шатайпа кхаъ. Хьажархо-ладогIархо исбаьхьаллин басарех, дашах воккхавеварал сов кIорге а йолуш,Абус буьйцучу цIеначу,говзачу,ненан матто йийсаро до лерса. «Тахана вайнехан юкъараллехь Iаламат йоккха къоьлла ю цIена буьйцу нохчийн мотт хазар. Телерадио? Юххехула а яц! Мелхо а хIинцалерчу телехьожийлаша лахбеш ,бехбеш бу ненан мотт»,-ишта хьажам бу дуккха а яздархойн а,Iилманчийн а. Бакъду, Пашаев Абуца къамеле ваьлча тешамах дог дузу нохчийн меттан оьмар аттачу балхах хедарг цахиларх. Тхойшиннан къамел доладелира шорто а йолуш жоп дала тарлучу хаттар тIера.

Маршо радио: Абу хIинццалц хьо суртдиллархо санна вевзаш вар-кх. ХIинца и японан хокку хIотIехь язйина байташ. Царех хьо Iехавалар, уьш нохчийн матте яхар. Мичара схьабу те церан бу-орам?

Абу: « Вайн дахар бецан тIе диллина тхи санна бе дацахь а вайн дахар, хIетте а…» яздина,къобал охьабиллира боху японан байтанчо Кабаясис Исас шен заманчохь. Оцунах лаьцна тIаккха кхечо яздо-кх: « Дуьненан Iаламах а ша дуй буур мА бара,цуьнан вист цахилар,цуьнан дешнел а говза ма -дара аьлла». Кабаяси Исас ялх эзар сов байт язйина-кх хокку жанрехь. Одзава Руан бохуш ву. Хаза нехан санна говза а волуш.Цо мел чIогIа аьлла дахарх дерг: »Стенна ца дусту ас хьан дахар, деггIий адамца,бецан тIе диллина тхи санна,маьлхан зIаьнарш кхетталц,кхин мА дац дахар». Цунна жоп луш санна яздина Кабаясис ас лакхахь далийна дешнаш.»

Маршо радио: Кхана,лама дIадаккха дезачу дитт тIехь бенаш деш ду-кх олхазарш,и дIадаккха дезаш дуй а ца хууш. МА тамашена хIума ду иза .Цу тIехь бен беш ду-кх уьш. Цигахь хIун ала гIоьрти на синхааман турпалхо?.

Абу: «Кхане ян ма яц. Кхане яц вайн. Тахана вайшиъ кхуззахь Iаш ву кханенах йоьзна ойланаш а еш. Кхане цхьаннан карахь ю.Оцу хенан да цхьаъ ву и вайна мила ву а хаьа.Бусалба стеган духар боху-кх цхьанхьа. Цуьнан духар оцу Даллий,цу стагний бен хууш ма дац аьлла-кх! Цуьнан синан коччий,цуьнан дагахь долу дахаррий. Оцуьнца дуьстина ду боху. Мел говза боху цо! Шен хоршахь а ду,шен дахар а! И хIора элп хезаш а ду,дагах чекхдолуш а ду,синкхетам цецбоккхуш а ду.Уггар сийлахь синхаам адамийн дахарехь къинхетам ма бу. Хьажал и дитт хьахаделир-кх вай. Зазне хьоьжуш вара боху цхьа самурай. Уьш лата безаш бара боху шайн юьрта доладеш. Цуьнга цуьнан накъосто аьлла: «Кхана бIаьрсица луьстур ду ахь зазанехь долу дахар. Схьаволахь,дIавахийтахь вайшиъ!» ТIаккха цо дIа а хьаьжна элира боху: «Кхане ю яц хаьий хьуна? Ша тахана шовкъе ву-кх,хIоккху дахарх ма воккхаве со». ТIаккха язйинчух тера ду-кх Кабаясис: » Ма тамашена хIума ду и олхазарш. Охьатоха кечдинчу дитт тIехь цхьа сингаттам а боцуш беш беш ду-кх уьш». Мел лазам бу цу дешнашца! Хьажахь цо сагатдийриг. Оцу есаллехь,оццул йоккхачу есаллехь, и ойла кхоллаелла-кх цуьнан. Цхьана анайистера вукха анайисте кхаччалц яц иза,хIа-а!?

Маршо радио: ХIинцца хIокху мIаьргонехь хиндерг ца хууш, кхана хиндергга-м хьала а,охьа а, чолхе ду-кх хIара дахар аьлла хIума а ду-кх цигахь. Шайн кхане бух боцуш юй ца хаьа царна цундела а ду-кх уьш ирсе,дуй Абу?

Абу: « Кхане муха йогIу,цо хIун дохьу цахаарна вай а ма ду ирсе. Вайна и хууш хилча адам а гIайгIане хир ма дара».

Маршо радио: Абу хьуна хIун зIе го байташний,суьрташний юкъахь? Ян а юй те и зIе цхьа дуткъа тай-хьаса хилла а?

Абу: «Ас мел диллина сурт,байт язьеш айало ,тIома йолучу ойланах тера ,са акхадалар санна хIума ду-кх. Цул сов цу суьртах дийца а, оццу японийн байтийн кIоргалла гайта а ас гIортор йийриг нохчийн мотт бу-кх. Ма-дарра аьлча оцу суьртийн а,байтийн юкъарча бу-кх ненан мотт. И байташ гочьеш а суна зеделларг а,боккха хьааме кхаъ бинарг а ду-кх нохчийн метта шорто а,кIоргалла а.Стенна аьлча сайн ненан маттахь соьга кхин а дика,чулацаме а аладелла-кх,сунна хетарехь,цаьрга шайн японан маттахь ца аладелларг а».

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG