ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицехь ша хьийзорна компенсаци ехна ГIезалойчура вахархочо


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера шена 750 эзар сом компенсаци йоьхуш ву ГIезалойчоьнан вахархо. Цунах лаьцна хаам бина "Зона Права" олучу бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло.

Бакъонашларъярхоша дийцарехь, полицин белхахочо Сальманов Айдара электрошокерца ток етташ хьийзийна и стаг, къола дарна къера хила бохуш.

Сальмановс ша бехке хилар тIе ца дитина. Делахь а кхело арахь даккха 5 шо хан кхайкхийна цунна. Эшам хиллачу стага латкъам бина хилла кхеле Сальмановна кхайкхийна таIзар дукха кIеда ду аьлла, амма суьдо тергам ца беш битина иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG