ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тухур ду а ца олуш Нохчийчура полисхошна герз тоха магийна Кадыровс


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан снайперан топ а карахь.
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан снайперан топ а карахь.

Нохчийчура ницкъаллин структурийн белхахошна магийна тIемалой хила мега аьлла шеко йолчу нахана, тухур ду а ца олуш, герз тоха. Цу тайпа бакъо елла царна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Кадыровс иза оьшуш ду боху низамаш лардечу органийн белхахошна юкъахь хуьлуш долу дараш лахдан. Цунна хетарехь, леррина операцеш дIахьош полисхойн, кхерамаш туьйсуш а ца Iаш, герз тоха бакъо хиларо вуно лахдийр ду царна юкъахь хуьлу дараш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG