ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дебилаш" я хьекъал доцу хьехархой?


Нохчийчохь хьехархоша дешархошна Iаткъам беш видеош яьржа социалан машанехь кест-кеста.

Хьехархочуьнгахь богIуш боцу хIара «хьехам» ши бутт хьалха гIарабаьллера интернетехь. Оццула хан эшнера республикан прокуратурана, дешархой сийсазбеш, дечу къамелан терго ян.

Бинчу талламо къастийна, иза Хьалха-Мартан кIоштарчу ишколера хьехархо Зайраева Зина хиллийла.

Цо хьехархочун болх бен 30 шо хан ю. Амма цо берашка буьйцу мотт хьанг-хьанга а лалур болуш бац.

Берашца болх бечу стеган цхьанна а агIор бакъо яц, иштта уьш дешнашца а охьатеIо а, царна неIалташ кхайкхон а, аьлла хета, ша а хьехархо йолчу Мугадаева Ларисина.

Собаре хила веза хьехархо

Мугадаева: «Хьехархочун болх чIогIа собар оьшуш бу. ХIинцалерачу берийн амалш хьалхалерачийн санна яц. Берашна дов дан а деза.

Ца дича вайн мегар долуш а дац. Амма къадехар, сардамаш дохкар ас тIедуьтуш хIума дац».

Хьехархойн бехк хета юкъаралхочунна Абдулаев Зиявдина, дешархой кхуьуш ца хиларна а, уьш харцахьа леларна а. Хьехархочунна хаа деза, ша ларийта а, шех бераш озадаллийта а, шех эхь хетийта а. Де дIадаьлчхьана, бен ца хетарш дукха бу, элира цо.

Хьехархошкахь Iилма цахилар ду

Абдулаев: «Хьекъал ца хилар ду. Хьехархошкахь Iилма ца хилар а ду. Соьга хаьттича, Оьрсийчура бахко а беза хьехархой. Кхузара цига бахийта а беза.

ХIинца уггаре а гена нохчийн хьехархо воьду меттиг Нальчик ю. Цигахь семинар ю олий, дIа а боьлхий шаьш хеста а бой, цIабогIу уьш».

Хьехархойн хаарш а, цаьрга дика болх байта, кхин цхьа хIума а го юкъаралхочунна Абдулаев Русланна. Алапаш лакха даха деза, балхахь, кхоччуш Iилма дерг бен вита а ца веза, элира цо.

Массо а хьехархой эккха а вина. керла чкъор схьаэца деза

Абдулаев: «Уьш шайн меттехь бац. Гуьржийчохь Саакашвилис ма дарра дан деза. Ша верриг дIа а эккхийна, кхиберш схьаэца беза. ХIинца Нохчийчохь дарба деш къе нах бен бац.

Ахча долучара дозанал а арахь лоху дарба. Иштта деша а дIабоьлху цхьа жимма таро ерг Турци а, Европе а».

«Зударийн кхиамехьа» цIе йолчу юкъараллан цхьанатохараллан куьйгалхочо Базаева Липхана емалдо берашна лакхахь юьйцучу видео тIехь санна Iаткъам бар.

Хьехархойн хьов, ден-ненан а, оцу берех юкъараллана пайдехь а долуш адам хилийта лууш делахь, цаьрца собаре болх бан беза, аьлла хета цунна.

Берашца болх ца бахь, кхане ледара хир ю

Базаева: «Кегий делахь а адамаш ду, даккхий делахь а адамаш ду. Бер шена муьтIахь хилийта, цуьнца дика хила веза. Хьо цаьрца вон хилча, баккхий хилча, хьоьга ла ца дугIу цара. Лаза а дича, човха а дича бер ца кхета.

Цуьнца болх бан беза».

Хьалха-Мартан кIоштерачу хьехархочо берашна къа а доьхуш, неIалташ бен кхайкхийна дац, амма кху тIаьхьарчу шерашкахь берашна урокехь етташ, лергаш ийзош, коьтах тIара детташ, дуккха а видеош ю яьржина.

ХIоразза а церан тергойо прокуратурано, амма уггаре а луьра таIзар хуьлу, оцу хьехархочунна цхьана ханна школехь берашца болх бар доьхкуш.

XS
SM
MD
LG