ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Говзанчо лелош дика ду дарба а


Халкъан дарбанчаша лелочу лоьраллех теша а тешаш, бIобуйлурш дукха бу Нохчийчохь.

Заманан кIоргера схьа а деъна, нохчашлахь вуно чIогIа даьржина хIума ду тайп-тайпана дарбанаш лелор: цIубдарш дакхор, цIий даккхар, даша лалор, чо меттахIоттор, дагар дехкар ишта кхин дIа а.

Цаьрга нисса дуй те аьлла, даьржина хилла бозбуанчаллина герга лара мегар долу тIулгашца, кехаташца пал тасар а, дол диллар а…

Бакъду, кху тIаьхьарчу 20-25 шерашкахь,тIекIалтоьхначу докъаран кхаьнчанах тера, и дерриге а хийцаме даьлла.

МогIарерчу нахана къаьсттина лазаме долург дара бакъ-харц, нийса -гома ца къестош, бакълена а нахана гIо а хуьлуш, лоьралла лелочу халкъан дарбанчашна а луьра тIеIаткъам бар.

Оцу лакхахь билгалйинчу хенахь Iедалан векалша, вер биста кхаччалц, шайтIанашций, жинашций тайна бу бохуш, тIеIаткъам бина дарбанчаш мел бу хууш а дац.

Ишта тоьшалла хааме даьккхинера вен ца вуьйш, кIелхьара а ваьлла, махкара вада каяьллачу цхьана дарбанчо: «Гуттар халахетарг дара етташ, ницкъ бийраш хIинцца кхиъна догIу бераш хилар… Суна ишта цкъа а ца йиттинера. Со шина тIамах ваьллера, амма и саннарг суна дайна дацара".

Ишта балане даредо махкара дIаваха аьтто хиллачу говзанчо.

Цунна тIаьхьо Москох «халкъан дарбанча» аьлла тоьшалла а делла, лоьралла лело бакъо луш, амма иза цIа ван ца хIоьттина.

1990-чу шерашкахь дуьйна дарба лелочарна къиза тIеIаткъам бина хиллехь а, адамийн тешам байна бац царех.

Цунна тоьшаллаш дукха ду. ХIинцца коьртах цIий даккхийтина, шена дарба лелийнарг мичара ву дийца ца лиъначу Новр кIоштерчу Хасмохьмада а. Цуьнца нисделла хIара къамел.

Хасмохьмад: «Ас коьртах цIий селхана даккхийтина. ХIинццалц ас даккхийтина дацара. Тахана со хаъал паргIат ву. Цхьа наб хьоьхуш вара со хIинццалц. Йилбазан лерг къора хуьлда, хIинца дика ву.

Тайп-тайпанчу меттигашкара кхузза эцийтира ас цIий. Суна со хIинца хаъал се6ма хетта. Гуттар машенахь лелаш хиларе терра наб хьехар а юхадаьлла.»

Нахаца дагавийлича гучу ма даллара, царалахь кIезиг бац, кийрара жинн арадоккху, эккхадо бохучу цатешарш, делахь а даггара тешаш берш а бу дукха. Царех цхьаъ ю, шарахь гергга шен йоIана дарба лоьхуш лелла, соьлжагIалахо Яхимат.

Дукха адам дара цунна тIекхача деана

Яхимат: «Суна кхузарчаьрга гIо ца хилира, Москох яххалц. Цигахь гIо хилира суна. Хонкар махкара вогIуш Iеламстаг вара цигахь.Туркойн маьждиге вогIуш хиллера иза.

Къайлах нах тIеоьцуш хиллера цо. Дукха адам дара цунна тIекхача очартехь. Цо гIо ца динехь, кхоьруш, куьзганах а кхоьруш, юххера стаг дIавала а йиш йоцуш, шен йоI гича а ца мегаш ма яра хIара.

Со цIахь ворхI баттахь, де а, буьйса а доцуш, маьждиге лийлира, шина баттахь Долинскерчу моллина тIе кхийлира, вуьшта-м со Нохчийчохь ца кхочуш меттиг йиса а ца йисира.

Ара ца далар-кх и хIуъу а дарх. Кхоччуш ара-м хIинца а ца даьлла цуьнан иза,делахь а хIинца-м хаъал паргIат ю иза. ЦIахь накъосталла хуьлурш а бу. Тхуна-м ца хуьлура Москох кхаччалц».

Дарбанийн хьокъехь зераш даро гойту, алссам бахархой цу кепара лоьралла лелорна дуьхьал цахилар, нагахь санна и дарба лелош берш, шаьш юьхьарлаьцна некъ бовза а бевзаш, цу гIуллакхана охIла нах белахь. Ишта хьажам болчех ю Теркйист кIоштера Лиза а.

Говзанчаша лелош хилча дика ду-кх дарба а

Лиза: «Тайп-тайпана дарбанаш лелор Iедало шен тидам-тергонехь латтор суна-м чIогIа дика хета. Лело ма-деззара, цомгашчунна зуламе а дер даоцуш, шаьш хIун леладо а хууш говзанчаша лелош хилча дика ду-кх.

Хийла могушалла гальяьккхина меттигаш а ма ю. Чо метта хIоттайо олий, гIуллакх долуш а доцуш, куьйгаш хьоькхуш, ахчана дуьхьа арбевлларш а ма бу, мосуьйттаза а хи а хуьйцуш, цIена лело деза олу и цIубдарш а. Говзанчаша лелош хилча дика ду-кх дарба а».

Дарба лелор Iедалехь болчара нажжаз дахь а ца дахь а къастам боллуш ала йиш ю,халкъан дарбанашца лоьралла лелочу говзанчаша могушалла тойинарш чот йоцуш дукха бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG