ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Жарганаш эца сом ца хуьлу, ткъа 15-16 эзар а лой телпонаш оьцу..."


Интернет машанера «Iожаллин ловзарш» Нохчийчохь коьртах а даьхна дийцаре дар санна хьехо даьккхина ишколашкахь смартфонаш ца лелайойтуш дехкар а.

Республикан куьйгалхоша а, парламенто а, чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло а дийца даьккхина интернет машанехь даьржаш, берашлахь а, кхиазхошлахь жигара довлуш лаьтта тайп-тайпана, берийн психикана харц тIеIаткъам бан тарлуш долу Iожаллина кхераме ловзарш: «Синий кит», «ДIавига со», «Самаваккха со». Тийна цIа»…

И ловзарш бахьнехь махкахь кхиазхочо ша-шена тIе куьг дехьана меттиг нисьелла яц. Делахь а ишта бохаме меттиг хиллалц ладегIамехь а ца Iаш,оха и «Iожаллин ловзарш» дIасадаржош берш билгалбаха болх бу марсабаьккхина дIахьуш.

Тидаме оьцур бу муьлхха а кхин берийн психика Iехош, вон теIаткъам бан тарлуш болу хаам а». Полисхойн урхаллин хьостано дина и дIахьедар.

Говзанчашна хетарехь бахьанаш бен-башха хила там бу - дех-ненах цакхетар тIера, нийсархошца Iоттаелла, девне юкъаметтиг хиларна тIекхаччалц.

Кхуьуш долу бераш йийсаре до цхьацца къайле йолчу ловзарша, хьовзамечу хиламаша, бен-бечу, хIуманна дуьхе кхиа лаам болчу зераша.

Кхиазхочо шен меттиг а, ша а лоьху дахарехь… Доьзалехь синтеме доцу, карзахе хьал хила а тарло бахьана, гонахарниш цунах цакхетар а хила а мега…

Кхиазхочун накъостий бацахь цо уьш кхечу виртуалан олучу дуьненахь лоху…».

Ишта хьажам хааме баьккхинарг ю психолог Шамхадова Лиза.

«Iожаллин ловзарш» боламна гонаха яьллачу гIовгIанна бала ца кхочу тергамхо а хилла юьстах ца йисна нохчийн парламент а. Цуьнан декъашхочо Нагаев Iаднана гIардаккхарца доьшийлашкахь смартфонаш лелаяйта а ца еза.

Кхечу кепара аьлча интернет машанехь лехамашка вуьйлуш, "нека дан" таро луш болу смартфон-телпош олу гIирсаш, ишколашкахь а, кхечу доьшийлахь а лелор дехка деза боху депутато.

И дIадолор телевизионехь хьахадар а уггар кхаъ хилларш а хьехархой бу. Стенна аьлча кху тIаьхьарчу хенахь къаьсттина церан дезна и зIенан гIирс-телпош бахьнехь дешархошца а, дай-наношца а юьйлина юкъаметтигаш латто.

Цундела доьшийлашкахь уьш лело маггане а могуьйтур цахилар дукха резахиларца тIеоьцу хьехархоша.

Иштачех цхьа ву Ножай-юьртан кIоштехь оьрсийн мотт ,литература а хьоьхуш волу Довлетмирзаев Iалавди.

Iалавди: «Уьш дIаяха еза ханна тоххара тIехъяьлла. Барта хьеха а деш, деш хIума а доцуш лаьтташ ю-кх уьш. Иза нисса хила дезаш хIума ду. ХIунда аьлча, дешархойн ерриге дог-ойла гIуллакх мел доцчохь ю и телпош бахьнехь. Урокийн церан бала бан а бац.

Цу телпонашций дай-наноша схьахьежош бу уьш ишколе. Уьш дай-наношка зIе тухуш а бац и царна шайна а хаьа тIех дика. Жарганаш эца сом ца хуьлу, ткъа 15-16 эзар а лой телпонаш оьцу, кхин дешаран коьчал эца нахарташ яц олу, амма телпо тIедилла 200-300 сом карадо.

Массо маьIIе, къайлах-къулах а цу чохь дохкуш ду-кх и бераш. Цу телпо чохь доцуш хIума ма дац.. Йист яьккхича дика-м дара…»

МогIарерчу бахархойн дог-ойланах аьлча цара, жимачо а, воккхачо а, цхьабосса къобалдеш хIума ду хIинцачул тIаьхьа доьшийлашкахь смартфонаш лелор доьхкур ду бохург. Ишта хьажам болчех ву къано Хьусайн а.

Хьусайн: «Дийца эша а ца оьшуш гуттар дика ду телпонаш дIаяхар. Оьшуш яц. Дешар а толур ду. ДIаяха еза. Цхьангга а кхин хетта а ца оьшу".

Соьлжа гIалин кIоштерчу Кен-юьртарчу шина йишина Хьавадина а, Хьавашина а хетарехь, лелор дихкича дешарна тIеберзар хаъал толур ду.

Хьавади: «Суьйранга даханчу берашна-м башха дика а дац иза. Вуьшта дика ду. Оьшуш яц. Уьш йоцуш мел дика Iийна».

Хьаваши: «Магош цахилар дика ду. ЛартIа мел доцчуьнга марзло. Ишколехь оьшуш яц. Уьш хилча дешарна тIе а ца йоьрзу ойла. Хьалха а ма ца лелийна. Уьш дIаяхар вуно дика деш хIума ду».

Доьшийлашкахь телпош лелор магийта ца деза бохуш официала тIегIанахь дийца даккхар а чIогIа тайна дукхахболчу могIарерчу бахархошна а, къаьсттина лакхарчу а, лахарчу а доьшийлашкахь къахьоьгучу хьехархошна.

Кхузара,могIарерчу наха а, берийн а, кхиазхойн хьехамчаша а сатуьйсург цхьаъ ду - кханенаш а ца йохкуш, и керла юкъадалор сихха дахаре дерзор.

XS
SM
MD
LG