ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьелаш хийцаделла - доьзале болу хьежам хийцабелла


Австри - нохчийн бераш
Австри - нохчийн бераш

Оьрсийчуьра бераш дуьнена чудовларх социолагийн таллам бинарг ю “Ехна йоцу Оьрсийчоь” цIе йолу цхьанатохаралла. Билгалдаккха деза, цуьнна коьртехь верг а ву ша нохчо - Хамзаев Султан. Цхьана хенахь вевзаш хилла латархо. Цо куьйгалла дечу федералан оцу проекто ша бина бац и таллам. Цу тIехь цуьнца къахьегга Оьрсйичоьнан Юкъараллан чоьнан экспертан-аналитикан центро а. Иштта, оцу лараршца Тыва а, Нохчийчоь а, ГIалгIаймохк а, хьалхарчу меттехь ю. Ала догIу, царна тIаьхьайогIучу регионашна юкъахь ю алсам бераш дуьнен чудовлуш Урал а, Оьрсийчоьнан Къилбаседехь йолу регионаш а. Доцца дийцича, уггаре а болх беш йолу республикаш а, кIошташ а. Ткъа, Оьрсийн тIум лоручу Пскован а, Ленинградан а кIошташкахь бераш дуьнена чудовлар шозза ала мегар долуш лохах ду, лакхахь юьйцучу регионашкахьчул.

Нохчийчохь бераш дуьнена чу довла бохучух цец ца бовлу нах. Хьал ца дийцича а, хууш ду. Даима хилла кхузахь баккхий доьзалш. ХIинца, тхо санна дебаш къам дац, бохуш дIакхайкхадахь а, ма дарра хьал аьлча а, нехан кхетам, хьалха санна бац цунах, аьлла Маршо радиога дийцира, ша а 4 беран да волчу Соьлж-ГIалара вахархочо Шалаев Анзора.

Шалаев: “Хьалха дахар кхечу агIора хилла. Цундела хилла хира бу и доьзалша баккхий. ХIинца, таро хила еза бераш кхаба. Дахаран токхонан зил лакхбаьккхина вай. Суна хетарехь, иштта дIадодахь, 10-15 шо даьлча, 2-3 бера хилча, боккха доьзал хира бу аьлла хетар ду”.

Дуккха а бераш хилар дика ду. Юкъараллехь ларам а хуьлу, оьшучохь тIетовжа гIортор а хуьлу, дуьххьара йишина-вешина. Иза аьлла хета Хьалха-Мартан кIоштера вахархочунна Закриев Баудин. Ша цхьалха кхиина бер, коча а, дуьненан халонашна а кийча а ца хуьлу, элира цо.

Закриев: “Соьга хаьттича, доьзал боккха хила беза. Мел хала делахь а баккхий хила беза. Ткъа, цхьа бер, ши бер делахь, уьш коча а , хIумма а дан лууш а ца хуьлу. Ткъа, баккхийчу доьзалера бераш гIо-накъосталла хIун ду а хууш, марзо а, йовхо а йолуш, диканехь а, вонехь а, дуьххьара шен доьзална а, шен куьпана а, махкана а пайдехь а болуш дIабоьлху уьш”.

Къилбаседа Кавказ дукха хена дуьйна бераш дуьнена чудовлар лекха хилла регион ю. Дукхачу историкаша иза дузу даима кху латта тIера къаьмнаш охьатаIо лууш, даккхийчу къаьмнаша тIелатарш деш хиларца. Иза даре до нохчийн историка Демельханов Сулеймана.

Демельханов: “Доьзал боккха хиларан бахьан-кест-кеста хуьлуш болу тIемаш ду. Вайн нохчийн олуш ду: ВорхI кIант волчу ден дош, пхоьгIанехь дIадоьду”“.

Кху тIаьхьарчу 200 шарахь хиллачу бохамаша, ша мангало буц хьокхуш санна лахдина нохчийн къом терахь. Шинна тIамехь 300 эзар герга адам хIаллакьхиллишшехь, терахь тахана юха а меттахIоттийна, бохуш кхайкхадеш ду. ХIоразза, адамийн терахь лакха ма даьллехь, буьйлуш а хилла тIемаш. ХIинца, тIаьххьара болчу хаамашца иза ду цхьа миллион ах миллион ца кхоччуш.

XS
SM
MD
LG