ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Имам Шемалан сий стенна ца айдо-те Дагестанан муфтиято?"


"Матильда" киночуьра сурт: паччахь Николай II а, цуьнан езар Матильда Кшесинская.
"Матильда" киночуьра сурт: паччахь Николай II а, цуьнан езар Матильда Кшесинская.

Гойтур юй-те Учитель Алексейн "Матильда" кино Къилбаседа Кавказерчу кинотеатрашкахь?

Оьрсийчоьнан гоьваьллачу режиссеран, продюсеран Учитель Алексейн «Матильда» цIе йолу филм кху гурахь гайта йолор ю.

Паччахьан Николай II-чун а, балетан хелхарш дечу Кшесинская Матильдин а вовшашка кхерстинчу безамах, церан юкъаметтигехь дуьйцуш ю и кино.

Оцу филман гонах юха а гIовгIа гIаттийна Къилбаседа Кавказехь, шо хьалха Iамеркан режиссера Тейлор-Джонсон Сэма кхеле йиллинчу «50 оттенков серого» кино бахьанехь иккхина къовсам а санна.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан кхерамзаллехула йолчу, коррупцина дуьхьало латточу комитетан куьйгалхочун гIовса Поклонская Натальяс, кинон анонс гайтинчул тIаьхьа дIакхайкхийра, Оьрсийчоьнан цхьана регионерчу бусулбанашкара шега арз кхаьчна хиларх, гурахь гайта лерина «Матильда» кино бахьанехь шайн синтем боьхна хиларх.

ГIирман хиллачу прокуроро Поклонская Натальяс «Россия 24» телеканалан эфирехь йистхилла оцу хаамца, амма цо ца яьккхина шега кехат даийтинчу исламан динан юкъараллан цIе.

Иштта бу цо дIадешначу кехатан чулацам: «Оьрсийчуьрчу цхьана махкахь бехачу бусулбанашкара сан цIарах кхаьчна хIара кхайкхам-кехат. Режиссера Учитель Алексейс яьккхинчу филмо оьгIаз дахийтина тхо, тхуна юкъахь сингаттам баржош.

Оцу киночохь сий дойуш, маьттаза гайтина, миллионашкахь православин динехь болчарна а, иштта бусулбачарна а сийлахь-веза хеташ волчу паччахьан Николай II васт».

Хьалхо Поклонская Натальяс прокуратуре къастор дийхира «Матильда» кино йоккхуш дайина бюджетан ахча,нийса хьажийний режиссеро.

ХIетахь цхьана а кепара режессера къепе талхийна меттигаш ца карийра Iедална.

Пачхьалкхан Думан депутата телевизионехь динчу дIахьедарна дуьхьал шиъ кехат тесна кинон автора Учитель Алексейс Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре, гурахь кинотеатрашкахь гайта леринчу шен филмана новкъарлонаш йо аьлла.

Инарла прокуроре Чайка Юрийга дехар а хьажийна Учителя, кино яьккхина коллектив а, кинотеатрашкахь и гайтарехь шайна гIо кхачийна юкъараллаш а Iалашъяр доьхуш, кеп-кепарчу наха бечу тIеIаткъамах, туьйсучу кхерамех а, цара нахалахь доцург дуьйцуш даржочу эладиттанех а, къаьсттина Поклонская Натальяс ечу дуьхьалонех аьлла, билгалдоккхуш.

Режиссеран лаам бу депутатца цхьана а кхетта, филм ерриг гайта, оцу филмах цуьнан кхоллаелла харц ойла яйархьама

Оцу юккъехула, Кавказ.Реалии ресурсо теллича, гучуделира Пачхьалкхан Думе кхайкхам бинарг Дагестанан муфтият хиллийла.

Ткъа могIарера бахархой-дагестанхой тIекхуьуш бац, стенна эшна муфтиятна оцу юккъе гIорта?

Паччахь Николай II цхьана а агIор бусулба нахах хьакхалуш вац, и филм бусулбанаш бехачу мехкашкарчу кинотеатрашкахь гайтар дехка тарло, нагахь санна маьттазалла, эвхьазаллаш цу чохь лелош елахь.

ХIунда аьлча, дукха хьолахь шайн доьзалшца боьлху бахархой кино хьовса.

Иштта бу церан хIоьттинчу хьолах хьажам.

«Новое дело» газетан журналисте Доной Хьаьжамурде хеттарш дира Кавказ.Реалии ресурсо, дуьхье кхиа гIерташ, мича Iалашонца муфтиято паччахь Николай II эвлаяийн могIаре ваьккхина.

Цунна хетарехь, нагахь санна республикан муфтиятна «Матильда» паччахьах яьккхина филм цатайнехь, дагестанхой юкъара бац церан дIахьедарна.

«Муфтиятан кхин проблемаш ян а яц-те, кхечеран сонталлаш йийцаре ца йича? Мухха агIор Николай II гойтуш хилча а, вайх хьакхалуш ма дац и" бохуш, юх-юха карзахвуьйлу Доной.

ТIаьххьара паччахь схьаваьлла РомановгIеран тайпано Дагестанехула тур хьаькхна, паччахьан арданго масех иттанашкахь ярташ ягош.

Николай II цхьана а кепара бехк ца хила а тарло, боху журналисто, амма цуьнан хIух схьабевллачара дуккха а зенаш дина Дагестанна.

«Цул а дагестанхошна лараме а, сийлахь а хетачу Имам Шемалан сий айдина делара муфтиято» аьлла, шен къамел дерзош Доной Хьаьжмурда.

Кху беттан 4-чу дийнахь Дагестанехь Имам Шемал дагалоцуш дIадаьхьначу дийнахь муфтият лергаш таIIийна, юьстах Iар дуьхьал а тухуш.

XS
SM
MD
LG