ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан гоьяьлла модел а, дизайнер а Бузова Олгас дIахьедина ша Соьлжа-ГIалахь дIахьон болчу “Firdaws” цIийнан духарийн а, парфюмийн а гайтамехь дакъалоцур ду, аьлла. Гайтам дIахьур бу Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь. Масех де хьалха Соьлжа-ГIалахь Бузова йолчу хенахь Нохчийчуьра бахархой цуьнан леларна реза ца хиларна, иза цу гайтаме кхойкхур яц, аьлла хаам баржийнера хаамийн гIирсаша. “ХIаъ, со юха а Соьлжа-ГIала йоьдуш ю, ас сайн дог дитинчу гIала” – боху Бузовас шен “Инстраграмехь”.

XS
SM
MD
LG