ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь харц хаамаш баржош ю НАТО-н барт эгIо


НАТО-на юкъайогIу пачхьалкхаш
НАТО-на юкъайогIу пачхьалкхаш

Оьрсийчоьно баржийна хиллера немцойн салтичо Литвехь йоI хьийзина аьлла харц хаам. И харц хаам кхолларан а, баржоран а Iалашо яра НАТО-н малхбалерчу Европо ен гIорто малъян, аьлла дIахьедира шоьтан дийнахь НАТО-н инарла. Оццу Iалашонца оьрсийша кхин а харц хаамаш баржор бу, аьлла тIетуьхира инарло. Дагадаийта догIу, даханчу кIирнах хабар даьржнера 15-шо кхаьчча литовийн йоI немцойн мотт буьйцу наха хьийзина, аьлла. Ткъа иза дийцарехь хиллера немцойн салтий чохь Iачу барракашна гергга, жимачу Литоверчу гIалахь. ТIаьхьо и хаам харц хилар Iораделира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG