ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан 4 эскархо вийна Шемахь


Шема -- Дараа, Чиллан-бутт, 20, 2017
Шема -- Дараа, Чиллан-бутт, 20, 2017

Шемахь, фугас а эккхийтина, вийна Оьрсийчоьнан эскарера тIеман 4 хьехамча. Кхин а ши эскархо лазийна ву. Цунах лаьцна хаам бина «Интерфаксо», Оьрсийчоьнан тIеман министраллана тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, Шеман тIеман ковра хилла Тияс олучу меттигехь йолчу аэродромера ХIомс гIала йоьдуш. Оьрсийчоьнан эпсарш тIехь болчу машенна кIеллахь эккхийтина радиоурхалла деш йолу фугас. Байинчера цIераш йохуш яц.

Оьрсийчоьнан эскарша тIемаш долийра Шемахь 2015-чу шарахь Гезгмашин-беттан 30-чу дийнахь. Цу хенахь дуьйна Оьрсийчоьнан тIеман министралло даре дина шайн 30 эскархо вийна хилар. Оццу хенахь Оьрсийчоьно дIахьедарш до, шаьш лаьттахула дIахьочу тIеман операцешкахь дакъалоцуш дац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG