ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Швейцарех дагалецамаш (2 дакъа)          


Швейцари, Женева
Швейцари, Женева

Эльдерханова Зайнап. Швейцарех дагалецамаш

2 дакъа

Жима пачхьалкх ю Швейцари. Иза 23 кIоштах (кантон олу цара) лаьтташ ю. ХIора кантонан шен байракх, герб, конституци ю. Швейцарин вериг вахархо 7 млн.стаг ву.

(Цхьана Москва гIалахь а ву 15 млн. стаг). ЧIогIа бертахь беха кхузахь тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш.

Цхьабосса бакъонаш йолуш пачхьалкхан бакъо йолу 4 мотт бу кхухахь адамашна юкъахь лелаш. Масала, немцойн мотт буьйцурш 65 процент бу, французийн мотт – 18 процент, италахойн мотт – 10 процент, юха реторомански мотт бу, ткъа иза хууш верг I процент адам бен дац. Кхузахь, вайн къоманна, ойла ян лаахь, дика масал хир долуш хIума лайна а, ловш а ду шуна, Швейцарин бух биллина долу къам! Иза дера ду цигарчу наха, шайн реторомански мотт буьйцуш ца хиларна, юккъера дIабовш хилар.

Тахана, сила йолчу Швейцарехь 70 эзар стаг бен вац шайн мотт хууш! Цундела, шайн синкхетам хиларна, цара 1863-чу шарахь шайн мотт Iалашбарна гIоьнна кхоьллина ю «Реторомански юкъаралла», юха 1919-чу шарахь «Реторомански лига», ткъа 1938-чу шарахь дуьйна, швейцарцаша шайн къоман мотт, пачхьалкхан статус йоккхуш хьалха теттина. (Хьекъал долчара шайн хеннахь тIеоьцу хьакъ боллу сацам...).

Транспортан гIуллакх, кхин дика хуьлийла доцуш, нисдина ду кхузахь. Швейцарехь санна шен хенаца нийса лелаш транспорт хир яц дуьненчохь цхьанхьа а. Билета тIехь Цюрих гIалара церан коьртачу шахьаре Берн гIала чу кхочу поезд (I сахьт некъ), нагахь санна 6I-чу миноте бахбеллехь, некъаца боьдуш тIом бацахь, хьелойла дац. Машенаш механа юхалург а ло цигахь.

21 шо хан кхаьчна хила веза аренде машен оьцург. Ткъа 6 адамал сов адам чухоьуш йолу транспорт эца луург, транспортехь 25 шарахь болх бина, зеделларг хила дезаш ву!

Вай цIахь санна, цхьа а бакъо ца къестош, говр-ворданаш санна чучча хоьхкуш яц машенаш. Некъан бохамаш бац ала мегар ду цигахь, нагахь санна машен йоьхна, гIо оьшуш висахь, я ламанан некъашца, я гIалана юьстаха, хIора 10 км юккъанна боьгIна баьццара жима бIогIам хуьлу шена тIехь «SOS» аьлла йоза долуш. Цунна тIера зIе тоьхча, орца догIу, цо ша схьаолу хьо висина, лаьтташ йолу метр. Бахь а, маха бов цигахь, адам – цкъа а!

Кхерамзаллин доьхка доцуш машенахь лела бакъо яц кхузахь

(я пассажирийн а, я водителийн а). Амма и закон дохийнехь хьол хьалха цIа кхочу гIуда кхайкхийна полицера квитанцеш. Урамашкахь цIеххьана (90 градус) йолуш голатухийла нислахь, цигахь доккха куьзга хуьлу тоьхна, дуьхь-дуьхьал йогIу машенаш вовшийн гайта аьттонна.

Ноябрь баттахь Швейцарин аренаш аьхка санна го. Иштта, оцу деношкахь церан Риги олучу 3 км. лакхахь болчу ломан курорте дахара тхо. Л.Н. Толстойс шен «Люцерн» цIе йолчу произведенехь хьахийна а ю и исбаьхьа хаза меттиг. Машенаш лаха чохь юьтуш, трамвайца лаьттара хьала 3 км. ирхнехьа некъ бира оха. Эццахь а хаалора цара адамийн терго яр лерина хилар.

Тхан трамвайн некъан кхоъ рельс яра. Юккъера рельс шеца магнит долуш яра. Хьанна хаьа, цхьа бохам нислахь, бIостанехьа инерцица чухьаьдда трамвай сацон езахь, оьшуш ю аьлла йина яра кхоалгIа рельс. Иштта сайна ма-дарра хиъча ас забар йира сайн доттагIaшка: «Шун махках леш верг, хIун новкъа хуьлий леш хуьлу техьа?» - аьлла.

Самукъадаьлла, бийлира сох сан накъостий. Цундела, швейцарцаш чIогIа дозалла до шайн махках, уьш даггара муьтIахь бу шайн Iедална а, конституцина а. Юьртарчу нехан беша юккъехь а дIатоьхна шайн пачхьалкхан байракх яйна суна церан. Ткъа урамехь диттан гIаш санна байракхаш хуьлу лесташ.

Вайна дика евзаш йолу «Красный Крест», «ЦIен ЖIар» цIе йолу организаци Швейцарехь 1863-чу шарахь Женева гIалахь Анри Дюнанс кхоьллина ю. Оццу организацин байракх ю иза, вайн заманахь Швейцари пачхьалкхан байракх санна евзарг .

Дуьненахь дика евзаш ю церан Цюрих, Берн, Женева цIерш йолу гIаланаш. Швейцарцаш шаьш цIерш техкина царна. Масала, Женевах, цара политикин столица олу, Цюрихах – экономикин столица олу, ткъа Бернах – культурин столица . Дагадаийта лаьа, Швейцарин столица Берн гIала ю. (Женева хеташ хуьлу цхьаберш).

Дуьненчохь хууш ду, Швейцарин банкаш хIокху масийтта бIе шерашкахь шайх тешам болуш хиларна лоруш юйла. Цюрих аьлча дуьхьала хIуьтту цуьнан хаддаза банкаш йолу урамаш. Иштта, цхьана малх къегина, хазачу дийнахь бевзаш болчу Банхофштрассе олучу урамехула йогIура со, сайн кхечу накъостаца, яздархочуьнца Ирэна Брежница.

Ирэнас суна тIейирзина, юха шен ши куьг дIасадаржош мелла а цаяшарца я цабезамца элира: «ХIан, Зайнап, хIинца тидам беш хьажа хьайна, хIинца хIара вайшимма йоху гIулчаш, дуьненчохь уггар а еза, мехала лаьттан метарш ю хьуна!» – аьлла. Амма ас шега юхааьллачух, цунна дика хиира, суна йоцийла иза еза меттиг. Ас цуьнга аьлларг дара: «Ирэна, суна сайн къоман цIийн хьожа йогIу кхузахь, сан когаш тийсало кхузахь, шун банкийн неIарийн бертахь, сан махкахойн даьIахкех! Суна шера дац хьуна шун банкийн хьалхара мраморан некъаш...».

Иза кхийтира сох. Генахь, цIахь, сан белхочу Даймахках йоккху хонс-са кхузахула ца хьийзара? Хьанала-хьарам ца бохуш гулдечу рицкъанан сейфаш ю кхузахь. Тхойшиъ цул тIаьхьа, исбаьхьа хазачу, Цюрих гIали юккъехь Iуьллучу, Цюрих Iоман бердан йистехула кхин дош ца олуш, ойланаш хьулйина лийлира ехха.

Даима а сайн декъаза мохк боьлхуш лерехь хезара суна, ткъа тIаккха со кIордорна кхоьрура царна. Тхайн дог-ойла хийца луий, ас анекдоташ дуьйцура вайх лаьцна. Царех цхьаъ чIогIа дезара царна. Дика ду, дуьйцу ас: «Китайн Iедало Россин паччахье дIахьедар дина, нагахь санна цара Нохчийчуьра тIом сацош бацахь, шаьш кегийчу тобанашца пхиппа миллион тIемало тIехоьцу аьлла...».

Юха, иштта самукъаделира сан лулахочо тхан юьрта, дехьа-сехьа ураме а чуетташ ракеташ йолуш, тхо ларми чудуьссуш дохкуш, шен чуьра, араяьлла ца йолуш, ас оьгIазяхна шена дов дича аьлларг: «Ва суна-м ца хаьий вайн маса дийнахь Iен дезар цу цу чохь! Цундела, ехк лаха йитахь со!». Эццахь, ракетийн метта айса юьйр йолуш дог датIийнера цо. Тхо деха дийлира цунах иза хьийзош. «Бабацина уллехь синкъерамехь меттиг лаца йолуш хилла хьо-м» – бохуш.

Царна чIогIа езаелира вайн забарш, хелхарш, вайн меттан мукъам!

Сарахь, Катринас ша Швейцарин къоман кхача бан йоллу элира тхоьга. Иза – гIабакхах йина чорпа яра! ЧIогIа чомехь, кийрана цхьа аьхна хуьлура иза!

XS
SM
MD
LG