ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Швейцарех дагалецамаш (4 дакъа)      


Эльдерханова Зайнап. Швейцарех дагалецамаш

4 дакъа

Жима, шира гIала ю Женева. Кхузахь вехаш 87000 стаг ву. Ткъа царех 30 процент нах кхечу пачхьалкхашкара бу.

Къаьмнийн тайпа, башхалла ца къестош, шен адамашка цхьабосса болчу лерамца гIараяьлла, нахана езаш ю Женева. Дуьнен чохь мел долчу къаьмнийн мотт хуьлу церан майданашкахь хезаш. Женева ша гIала хиларал а совнаха, дийнна кантон лоруш ю. Цундела ала мегар ду иза Францин мотт шен пачхьалкхан мотт болу кантон ю. Женевера бахархой велосипед хохкий, Францерчу туьканашка боьлху, шайна оьшург эца. Цхьана Швейцарин хилла а ца Iаш, дерриг а дуьненан культуран шахьар ю Женева. Кхузахь ООН-н штаб-квартира ю. Швейцари ша декъашхо яц ООН-н. ТIаьхьарчу хенахь дуьнен чохь хуьлучу тIемаша дечу зуламашна, тIамо ког-куьг доккхуш заьIап дечу адмийн гIайгIа-бала гойтуш, хIоранна а дагах кхетийта лаам болуш, ООН-н хьалхарчу майданахь хIоллам бина дIахIоттийна ду цхьа ког кагбина Iаламат доккха гIант. ЦIерпоштаца Женеван коьртачу вокзале кхочу. Вокзал Рона олучу хина уллохь лаьтташ ю. ТIайх дехьа ваьлча, мел генара а шена тIе тидам бохуьйтуш, хаза гуш ду лаьттах, байх а,зезагех а дина сахьт. Цуьнан механизм лаьтта бухахь ю, ткъа тIехула долу терахьаш зезагашца куц деш доьгIна ду. Женева гIалара схьабевлла нах баьхна Россехь. Цара беркате гIуллакхаш, дика ларам битина шайл тIаьхьа. Царех ву Франц Лефорт. Иза I674-чу шарахь дуьйна ваьхна Россехь. Иза паччахьан Петр I накъост а, Iедалан гIуллакхашна тIехь дика хьехамча а хилла ву. Россин эскаран командир хилла, тIаьхьо Россин флотан адмирал а хилла Франц Лефорт. Иштта, Женевера схьаваьлла ву Антонио Трезини. Иза I742-чу шарахь Санкт-Петербурган коьрта архитектор хилла. Цо хIиттийначу проекташца йина ю Монетни двор, Владимирски собор. Иштта кхин а тоьлла архитекторш Доменико Трезини а, Тома де Томон а хилла.

Дуьнен чохь массарна а вевзаш волу философ Жан-Жак Руссо вина I7I2-чу шарахь Женевехь. Европехь дика дешар Iаморца евзаш ю Женевера университет. Иза I868-чу шарахь йина ю. Швейцарехь бен кхин дика хуьлийла доцуш хьоьхуш ду банкашца долу Iилма. Цундела дукхачу меттера нах хуьлу цигахь Iилма довза лууш. Iаламат хаза Iалам ду Женеван гонаха. Цунна го баьккхина лаьтташ хаза хьаннаш а, лаьмнаш а ду. Адмашна сакъера, садаIа аьтто болчу агIор дIанисдина ду Женеван Iомаца доьзна долу хьелаш: паркаш, ресторанаш. Иштта Женевехь ю дуьненчохь мел йолчу организацийн векалш а, ткъа иштта махлелоран компанийн векалш а болу дуьненаюкъара центр. Швейцарин коьрта дозалла ду Швейцарин «Нестле» кафе, I867-чу шарахь дуьйна ю и компани, Швейцарин нехча яккхаран заводаш (200 тайпа ю уьш) дуьнен чохь уггар а мехала долу «Ролликс» сахьташ (I770-чу шарера дуьйна схьа) Швейцарин эскаран уьрсаш, йогурташ.

Женевана гонаха чIогIа нийса, тай тоьхча санна гуш хуьлу кемсийн аренаш. Кемсийн кенаш дукха хьийкъина хиларна, царна гIортол еш сетка лаьцна хуьлу кемсийн могIарш. ХIора гектаран шен-шен басахь хуьлу и сетканаш. Цундела, бераша ловзош хуьлу «кубик-рубик» санна, хаза гуш хуьлу мел генара а кемсех яьккхина ирхенаш. Швейцарин истори ца евзачарна хетало иза яха хаийнарг церан банкаш ю. Иза иштта дац. Швейцарцаш чIогIа хьанал къахьоьгу адамаш ду. Дуьххьала дIа даьхница, лаьттаца къахьега хаарна яха хиъна иза. Шурах дезар дан хаьа царна. Цара ялтан дечу сийн цергех а, бIаьргех а хи долура. Вай маца Iемар ду техьа иштта рицкъан тIалам бан? Кхин хIун тIехIотта деза техьа вайна баьпган юьхкан мах бовза?... Швейцарех лаьцна сайн къамел дерзош, суна дош ала лаьара сайн накъостех, цара динчу диканех лаьцна.

Тамашийна, дагна цIена адамаш ду уьш. Берийн синош ду церан, цхьа а хьагI, мекарло а йоцуш. Цара бекъна вайна тIебеъна бала. Масала зудий, майрий долу хьехархой болу Элизабет Рустекс, Андреас Петерсон. Цу шимма дукха гIо дина берашна. Шайн цIахь меттиг елла, дешийтира нохчийн берашка. Церан Цюрихерчу хIусамах «чеченский штаб» олу. ЗаьIапчунна протез яйтина, Рошни-Чуьра ишкол тояйтина, Шеларчу №8 йолчу ишколехь масийтта шарахь мах боцуш юург латтийра цара! Катрина, Райнхард МайергIара дина дика гIуллакхаш.

Уьш газетан редакторш бу. Москвахь аспирантурехь шайн чоьтах лоьран дешар дешийтина цара нохчийн йоIе. Зударийн рак олу цамгарна дарба лохуш талламан болх беш, докторан диссертаци ян кечлуш ю и йоI. Амма МайергIеран хилла цхьабарт бу цу йоIаца: вайн махкахо ша ехачу юьрта болх бан цIаерза езаш ю. Царна луург дара иза шен махкана а, юьртана а пайда бохьуш хилар.

Москва лоьрашца къен яц бохура цара. Катринин кIанта Тобиаса шена шен нена-нанас дитина ахча дIаделла СемаIашкахь керта бомба кхетта, чов йинчу йоIана. Москвахь масийттазза операцеш йина цунна. ЧIогIа къинхетаме, нийсо езаш кIант ву Тобиас. «Нохчех лаьцна материалаш ешча, иза шаверг а хийцавелира тхан», – бохура цуьнан нанас Катринас. Бейруте Iаьрбийн мотт Iамо вахара иза. Тхо туькана доьлхуш а, цо шен нене олура, оьцуш ерг уггар а гIийлачу пачхьалкхан хIума эцалаш. (Массо а агIор таро йоцчуна дакъалаца лаьара Тобиасна). Иштта, яздархо а, журналист а йолу Ирэна Брежна. Ирэна нохчийн зударех чIогIа къахеташ ю. Цо язйина киншка а ю «репортаж Серноводскер» цIе йолуш. Дош нийса аларца, бакъдерг шен меттехь, шен хенахь аларца дика евзаш ю Ирэна Швейцарехь. Цо вайн зударийн, нанойн доьналлех лаьцна яздинчу дийцарна Германин президента литературни хьалхара совгIат делира цунна. Москвахь, Швейцарин посольствехь йолчу Деротея Кольде а ю нохчашна шега далуш долу дика дина. Масала, цо Швейцаре дуьгучу берийн виза йоккхуш а накъосталла дина, вайн махкахойн «Теплый Дом» цIе йолчу организацина (директор Наталья Немедова) оргтехника эцарца доккха гIо дира. Томас Гайсер, цо вайн махкахочунна протез ярца гIо дина.

Уьш боккъал а тешаме накъостий бу. Цара лерина ладугIу вайн махкахь хуьлучу хийцамашка. Вайна санна хазахета диканиг хилча, вай санна халчу а хIуьтту, цхьа зулам иккхича. Со теша уьш вайн маьршачу махка хьошалгIа а богIуш цхьа башха зама йогIург хиларх! Кху деношкахь телефонехула къамел хилира сан Элизабетца а, Катриница а. Ас дийцира вайн гIаланашкахь а, ярташкахь а дечу дикачу гIуллакхех лаьцна. Юха забарца тIетуьйхира: «Шун Швейцарел а хаза хIун ду хаьий шуна? Дера ю тIом боцу сан Нохчийчоь!». Элизабета элира: «Даймохк беза шуьх Iама везар-кха массо а».

XS
SM
MD
LG