ТIекхочийла долу линкаш

Петирова ПетIамат. Куьг дакъалур даций? (Берашна)


Dagestan -- Chechen children in the Caspian Sea, 2016

Петирова ПетIамат

КУЬГ ДАКЪАЛУР ДАЦИЙ?

(Берашна)

Нанас дуккха а тамашийна хΙуманаш дуьйцура жимачу Фаридина иза диканна Ιамош. Аьшпаш буьттуш хилча бΙаьра ма-хьаьжжи хаьа – ахь мел дина хΙума бΙаьргаш чохь дΙаяздина хуьлу, хатта а ца хоттуш нехан хΙума схьаэцча куьг дакъало. Кхин а масане дара уьш. Фарида тешара цунах, цундела вон мел долчух лар а лора.

Амма цхьана дийнахь ненан хьехар лар ца делира йоΙе. Фарида суьрташ дохкуш хазахеташ яра. Цуьнан бес-бесара къоламаш а, шекъанаш а, ручканаш а яра цу гΙуллакхана лелош. Шен ненан сурт дуьллуш бΙаьргийн бос бан оьшу къолам а, шекъа а ца карадора Фаридина шен басаршна юкъахь. Шена ма-гарра ца нислора Фаридин и бΙаьргаш, цхьа хьоме, гергара, догдика. Церан хьажар а, бос а сих-сиха хийцалора. Жимачу йоьΙан хьекъал ца кхочура бΙаьргаш деган куьзга хиларх, цара гойтург стеган ойла хиларх. Ткъа Фаридин ненан бΙаьргаш а хуьлура-кх ойлане, даге хьаьжжина хийцалуш, цкъа гΙайгΙане, кхоьлина, юха бΙаьрхиша Ιовжийна, сингаттаме. Амма Фаридина хазахетарш нанас ша хьостучу хенахь хуьлурш бара – самукъне, ирсе, массо халахетар а дицдина йоΙ хьоьстурш. И хьажар суьрта тΙе даккха гΙертара йоΙ, амма къоламаш ца тоьара. Берийн бешахь шен доттагΙчуьнца Асхьабаца ловзуш цуьнан къоламаш юкъахь шена оьшург карийна аьлла хийтира Фаридина. Бехча Асхьаба ца белира. Ша дукха ца лелош сихха схьабахьар бу аьлча а гΙуллакх ца хилира. Ша ненан бΙаьргашна бос а бина дΙалур ма бу, шен нана массарал а хаза ма ю, и массарна а гайта хаза сурт дуьллуш ма ю ша баьхча а тΙе ца тайра кΙант. ТΙаккха Фаридас цунна хΙилла дан сацийра, Асхьабана биц а балийтина схьаэцна къолам къайлаха цΙа беара цо. Кхана юха дΙабахьа дагахь. Амма кхана йоΙ берийн беша ца яхара, могуш йоцуш а хилла йисира.

«Ой, хΙинца Асхьабана хуур ма ду шен къолам байний, цо иза лохур ма бу. ТΙаккха ас лачкъийна ма хуьлу иза. ХΙинца сан куьг дакъалур ду. ТΙаккха нанас хΙун дийр ду? Ма йоьлхур ю иза! ХΙинца хΙун дан деза?» – боху ойланаш хьийзара Фаридин коьрте. ЮргΙи кΙелара схьа а доккхий сих-сиха шен шина куьйге хьоьжура иза, дакъаделлий те олий. Ненан тидамера ца делира Фаридин холча хΙоттар. ХΙун хилла аьлла хаьттича йоΙа жоп а ца лора, шен куьйгашка а хьоьжуш, елха а кхохкийна Ιара, юучух а юхаяьллера. Иштта Фарида Ιаш ши де а делира. ШолгΙа де суьйренга лестинчу хенахь меттара хьала а гΙаьттина шен бедарш тΙеийзон хΙоьттира йоΙ. «Ахь хΙун до, хьо стенга яха йоллу?» – аьлла, тΙехьаьддачу нене: «Со… хΙинцца … берийн беша…» – бохуш чуьра арахьаьдира иза. «Ой, собар, хΙай! Цигахь хΙинца цхьа а хир ма вац! Хьо то ма-елли йохуьйтур ма ю ас», – бохуш хьоьстура нанас Фарида. «Суна ца лаьа сайн куьг дакъадала, ца лаьа», – бохуш ненан карара яла гΙертара Фарида. «ХΙунда дакъало хьан куьг? Хьо-м нанин диканиг яй», – аьлла нанас метта йиллира дагаро йоттуш йолу йоΙ. «Дакъалур ду, нана, дакъалур ду… ас Асхьабан… къолам … лачкъийна… суна … ца лаара… со… хьан бΙаьргаш… бахка йоллура… цо… къолам … ца белира…», – дешнаш а хедош, елхаран къурдаш а деш дуьйцура Фаридас. Нана кхийтира йоΙа динчух. «Ма елха, хΙумма а хир дац, ас кхана дΙахьур бу Асхьабан къолам, хьуна оьгΙаз ма гΙуо а эр ду. Ахь кхин иштаниг ма де, нанас хьуна оьцур ду шортта къоламаш», – аьлла тейира цо Фарида. Ткъа шен дагахь тΙетуьйхира: «Ненан бΙаьргаш, церан хьажар кехата тΙе атта даккха а лур дац, хΙорамма а шен даг чохь кхобу и сурт».

Кхано, йоΙана наб кхетча, улло охьа а таьΙна цо набарх дечу къамеле ладоьгΙча: «Нана, боккъал а дакъалур даций сан куьг? Ас кхин дийр ма дац и», – хезира нанна.

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. Иза 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG