ТIекхочийла долу линкаш

Несарарчу митингехь дагалаьцна гIалгIайн къам махкахдаьккхина де


ГIалгIайчоь -- Несарахь хиллачу митингехь дакъалецира республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

ГIалгIайчоь -- Несарахь хиллачу митингехь дакъалецира республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

ГIалгIайy къомана депортаци йина 73 шо кхачар дагалоцуш митинг хилла ГIалгIайчохь. Несарахь политикан репрессеш лайначу нахана хьажийначу мемориалана уллехь хиллачу акцехь дакъалоцуш вара 5 эзар гергга стаг бохуш, хаам бо Интерфаксо.

Цу агенталло бинчу хаамца, митингехь вистхуьлуш республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека аьлла, 1944-чу шарахь гIалгIай махкахбахарна бехке болу нах «террорахой» бу аьлла.

ГIалгIайчохь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь дIаяьхьа лерина ю кхин а 60 гергга акци.

Нохчийчохь нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш махкахдаьхна де хьахош дац официалан кепара. Иза дагалацар Стигалкъекъа-беттан 10-че дIатеттина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

XS
SM
MD
LG