ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мосулан аэропортан дакъа шайн караэцна Иракъан Iедалан ницкъаша


Иракъ -- Мосулан аэропортана штурм йолийна Иракъан тIеман ницкъаша Чиллан-беттан 23-чу дийнахь, Чилл. 23, 2017
Иракъ -- Мосулан аэропортана штурм йолийна Иракъан тIеман ницкъаша Чиллан-беттан 23-чу дийнахь, Чилл. 23, 2017

Иракъан Iедалан тIеман ницкъийн аьтто баьлла шайн Iуналле эца Мосулан аэропортан доккхах долу дакъа. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло.

ТIеман операцин декъашхоша дийцина цу агенталле, низамаш лардон органийн белхахой аэропортан гIишлонна герзаш детташ ду аьлла.

Мосулан аэропортана штурм йолийна Иракъан тIеман ницкъаша Чиллан-беттан 23-чу дийнахь. Iамерко куьйгалла дечу дуьненаюкъарчу коалицин кеманаш тохарш а деш, герзаш детта долийна «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан позицешна Иракъан Iедалан ницкъаша.

Цу тобанан тIемалоша Мосул дIалецира 2014-чу шарахь. Иза маьршаяккхаран тIеман операцин дIайолийна Иракъан эскарша стохка ГIадучужу-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG