ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелара тIемалочун да Рашидов Мовсар дIахецца нохчийн полисхоша


 Рашидов Мовсар
Рашидов Мовсар

Нохчийчура полисхоша дIахецна шаьш Дечкен-беттахь дуьйна лаьцна латтош хилла Шелара вахархо Рашидов Мовсар. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказ Реалии" интернетан проекто.

Цо бинчу хаамца и стаг лаьцна латтош вара Iедалша, Дечкен-беттан 30-чу дийнахь Шелахь ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатар динчу тIемалошна куьйгалла деш цуьнан кIант Рашидов Мохьмад хилла бохуш.

"Кавказ Реалии" интернетан проекто бинчу хаамца, цу дийнахь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Инстаграмехь йолчу агIон тIехь хаам бинера, ша Шелахь Рашидов Мовсарца цхьана а кхийтира, цу стага массерна а хьалха шен кIантана неIалт а кхайкхийра аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG