ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн авторитетийн кхерама кIел ву Шляпа-Жимахверг ша "къурд аллалц"


Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан), Оьрсийчуьра криминалан авторитет

Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан), Оьрсийчуьра криминалан авторитет

Тыва-махкарчу набахтехь маьждигна тIе а летта, ламаз дечу вайнахана а, дагестанхошна а йиттинчу тобан хьалханча Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан) вен кхачийра иттех де хьалха «цIе лелачу» нохчаша а, дагестанхоша а.

И дов дерзо гIерта кху муьрехь бехкевечун да Шляпа-Воккхахниг (Гегечкори Роланд), цуьнан гонера кхиболу мафиозеш, боху Оьрсийчоьнан прессо.

Бекхамна арабевлларш кхераме а лоруш, Шляпа-Жимахниг кхечу набахте а ваьккхина, верах хьалхавалийта гIерта Оьрсийчоьнан набахтийн системан урхалла, чIагIдо Росбалт-агенталло.

Оцу хьостано дийцарехь, дов дерзо ницкъберг лохуш, Гегечкорин агIоно тIутмакхашлахь, криминалитетехь «дош лелачу» массех нохчийн лидере дехна маслаIат дар. Иштачийн могIарахь ву, масала, Батукаев Iазиз. (Интерполехула иза лохуш ду ГIиргIазойн Iедал, ткъа веха Батукаев Нохчийчохь).

Дов дерзаза ду цкъачунна. Я доьрзур а дац Шляпа-Жимахчо ша эшамбина нах къинтIера баххалц, аьлла хета Росбалтца къамел хиллачу криминалан авторитеташна.

XS
SM
MD
LG