ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказан шира эшарш - Европе...


Ored Recordings фолк-лейбл ю Кавказан къаьмнийн шира эшарш гулъеш а, яржош а. Режиссерца Мун Винсентца а, Лондонерчу NTS радиоца а халкъан иллеш гулдеш къахьегна гIебартойн а, балкхаройн а накъосташа. ХIинца церан хьалхара гулар арайолуш ю Британерчу йозушйоцчу Death Is Not The End проектехь.

«Шина кассетехь хир ю оха цхьацца шерашкахь дIаязйина эшарш. ГIебарта-Балкхаройчуьра, Нохчийчуьра, Дагестанера, Адыгейра, кхечу регионашкара ю уьш. «Тоьлларш» аьлла а хир яц гулар, кхузахь къестайойла дац «тоьлларш-эшнарш». Тайп-тайпанара гайта еза эшарш», - боху Ored Recordings кхоьллинчаралахь волчу Халилов Булата.

Къаьмнийн векалша шайн-шайн эшаршка ладоьгIур ду, боху цо. Чергазийнчаьрга – чергазаша, ногIийнчаьрга – ногIаша… Ткъа иштта марзлуш ю и эшарш Европерчу ладогIархошна а.

Ored Recordings гулйинчу эшаршка ладогIа кхузахь


Чергазаша Ушарма-Имамна лекхна йиш а ю гуларе язйина

«Дукха хьолехь Малхбузерчу фолк гулъечу говзанчаша Африкера я Малхбалера эшарш дIаязйо. Ткъа оха – тхайнаш», - боху шаьш бечу белхан башхаллах Халиловс, - «Юьстахара хьажча, хета, Кавказехь акха нах бехаш санна. Иза арахьарчу нахана хетта ца Iаш, Москох а хета. Тхо тхаьш гулъечу эшаршца гайта гIерта, уьш миччанхьа а ладогIа торуш, хаза юйла. Халкъан музыка – иза дика ду, кху заманца а догIу».​

Керла эшарш лахьо Ored Recordings Кавказан мехкашка лела. Халахета оцу тобанна шех фольклор гулъярхо аьлча а.

«Тхо эшаршна тIаьхьадевлла леларш а дац, я пропагандисташ а дац. Уггаре хьалха тергамчаш ду», - билгалдоккху Булата.

«Деле доьху эшарш а ю, ламасташца йоьзнарш а ю. Масала, гIазгIумкийн Балхар юьртахь тхуна къинхьегамхойн йиш лекхира зударша. Нохчийчохь депортацех лаьцна лекхира зудчо, шен къомо лайна бала а балхош, къадоьхура цо Сталинна. Амма иза илли дац, барта кхолларалла ю. Болшевикаш емал беш а локху, бIонан эшарш а лоькху, юкъахь лаьттинчу тIемех а лоькху, туьйранашкара цахилларш кхоьллина а лоькху…» - дуьйцу Халиловс.

Ored Recordings-на, цуьнан декъашхоша бахарехь, доккха гIо а ца хуьлу нахера, шен болх бан кхин ахча долуш а яц.

«Халкъан эшарш езаелла хиларна дуьйладелира тхо, тIаккха уьш яржо лиира, - боху Булата, - Цул совнаха, къаьмнашна шайн шира эшарш йовзийта а лиира. Уьш дIалокхурш а оьшура. Тхан гулар – иза фолк езачарна ю. Къоначарна а, къеначарна а. Иза жимчу гонашна бен оьшуш яцахь а, тхуна лаьа дуккха а наха оцу эшаршка ладугIийла.

​«Фольклор – иза къанойн йиш ю, аьлла, хета цхьаболчарна. Къеначу стага бен иза лакха а йиш йоцуш санна. Иза бакъдац. Йовш лаьтта эшарш ю оха лехьораш, баккхийнаш бен а ца бисина уьш хууш. Цара тхуна лакха а лекхна. Иза дац, локхушверг кхана вала вожжал къена хила веза бохург», - тешна ву Халилов.​

Ored Recordings рогIехь эшарш гулъян яха дагахь ю Гуьржийчу, Нохчийчу, иштта Ставропол махкахь лоьху цо молоканийн, гIалгIазакхийн-некрасовхойн эшарш.

XS
SM
MD
LG