ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнехьа шпионаж лелорна 4 шо хан тоьхна Полшин вахархочунна


Полшехь 4 шо хан тоьхна меттигерчу вахархочунна Станислав Ш. Кхелан сацам дIакхайкхош чубитинчу журналистшна хьалха суьдхочо Доманска Агнешкас элира, 2012-чу шарахь дуьйна иза Оьрсийчоьнан тIеман талламан сервисана болх беш хилла аьлла.

Талламхоша дийцарехь, кхеле озийна стаг лелаш хилла оьрсийн талламан сервисан эпсарийн тIедилларш кхочуш деш. Оьрсашна информаци оьшуш хилла Свиноуйсц гIалахь газан порт ярх лаьцна.

Станислав Ш. Полшин махкахо велахь а, Оьрсийчоьнан паспорт долуш ву. Цо даре ца дина ша бехке хилар.

XS
SM
MD
LG