ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен гергара зуда йийна стаг чувоьллина Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу талламан изоляторна тIебоьду некъ.
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу талламан изоляторна тIебоьду некъ.

Новран кIоштара вахархо Дамаев Сайфулла, 6 шо хан а а тоьхна, чувоьллина Нохчийчохь. Цунна бехке диллинарг ду шен гергара зуда ер, хаам бо «Кавказский узел» интернетан агенталло.

Болчу хаамца и бохам хиллера 2010-чу шарахь аьхка, Новран кIоштарчу Савельевски олучу юьртан гергахь.

Талламхоша дийцарехь, и стаг бехкаш дохуш хилла жимачу зудчуьнгара, вон лела мегар дац бохуш. Оцу бух тIехь дов даьлла цаьршинна. ОьгIазваханчу стага масийттаза урс тоьхна зудчунна. Хиллачу чевнех иза елла.

Зазадоккху-беттан 22-чу дийнахь Новран кIоштан суьдо 6 шо колонехь даккха хан тоьхна Дамаевна, иза шен лаамехь тIевар а, и зулам дарна дохковалар а тидаме а эцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG