ТIекхочийла долу линкаш

Йоккхачу тоьпан хIоьънаш латтон гIишло йогуш ю Украинехь


Украина, Балаклея. Заз.23.2017.

Украинехь Харкиван кIоштарчу Балаклея олучу меттехь тIеман декъан гIишло ю йогург. РИА Новости агенталло бинчу хаамца, цу чохь латтош ду 138 000 тонн йоккхачу тоьпан хIоьънаш. ЦIе яларан бахьана ду царах цхьаъ ша-шех эккхар.

Iедалша къелхьара баьхна цу меттигана 8 километр гонаха беха бахархой – 20 гергга стаг.

Карарчу хаамца, лелхарш хиларна а, цIе яларна а вийна а, лазийна а стаг вац.

XS
SM
MD
LG