ТIекхочийла долу линкаш

Навальныйн фондера Москох офисера белхахой лецна полицино


Полицино дIалецна берриг а Коррупцица къийсам латторан фондан Москох офисера белхахой. Оцу фондан куьйгалхочо Навальный Алексейс дийцарехь, уьш дIабигна чоьхьарчу гIуллаккхашкахула йолчу декъе, хаам бо Маршо Радион корреспонденто.

Хьалхо цу фондан офисехь дIахадийнера ток ялар. И бахьана долуш, сецира ерриг а Оьрсийчохь дIахьош йолчу коррупцина дуьхьал акцийн онлайн-трансляци яр.

XS
SM
MD
LG