ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Къилба федералан Гонерчу 58-чу эскаран тIеман полицин батальон дараш доцуш цIайирзина Шемара, оцу эскаран буьйранчас инарла-майора Никифоров Евгенийс динчу дIахьедарна тIе а тевжаш, хаамбина РИА Новости агенталло.

Шо доьрзуш Маршо Радионо йовзийтира Нохчийчуьра тIеман полици Шема хьажош яьккхина видео. ТIаьхьо Москох даредира нохчий Шема хьовсош хиларх.

Алеппохь къепе латтош а, Шемахь машарбаран Центр а, сапераш а, гуманитаран ковранаш а ларъеш бара полисхой.

XS
SM
MD
LG