ТIекхочийла долу линкаш

Новр-ГIаларчу Росгвардин декъанна дина тIелатар хьахош, махкарчу духьалончашна политикан, эшахь тIеман а гIо кхачо догIу аьллачу Украинан Радин депутатна Мосийчук Игорна вен кхерамтесна Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Ткъа и кхерам дуьххьала дIа ца хазош, маьIна буха диллинчу дешнашца дIахазийна Даудовс, «декъий леладен цIерпошт» а хьахош.

«Нагахь санна Мосийчук Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнна тIамца тIелата валлахь, оха иза «ларамца» тIеоьцур ву. Цхьана хенахь террористийн могIаршкахь тIемаш бина Украинера ши «лаамхо», Клых а, Карпюк а, оха еххачу ханна чувоьллина. «Бовха меттигаш» карор бу Мосйчукна а, цуьнан цIуьхIаршна а. Ткъа уьш чуьрабевлла хьовзаш, уьш мехаза, оркестрца дIабахьа «цинкан цIерпошт» а карор бу тхуна», яздина Лорда инстаграмехь оршоьтадийнахь.

Дуьйцучу, Новр-ГIалахь хиллачу тIематасадаларехь, официало бахарехь, вийна 6 эскархо, 3 лазийна. ТIелетта аьлла, вийна, вовзийтинарг ву 6 нохчо. Массех хаамийн гIирсо, масала, «Новая Газетано», шеконе дуьллу тIелатар хилла бохург а, герзахоша Росгвардица тIом бина бохург а.

XS
SM
MD
LG