ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйна 20 эзар сом гIуда тоьхна коррупцина дуьхьал гулам хIотторна


Москох Тверан кхело коррупцина дуьхьалояран Центран куьйгалхочунна Навальный Алексейна 20 000 сом гIуда тоьхна пачхьалкхан шахьарна юккъехь гулам хIотторна. Цуьнан пресс-гIоьнчас Ярмыш Кирас бина и хаам.

Иштта, бехкевина Навальный полицин белхахочо аьлларг ца дарна. Ткъа цо ша бахарехь, цунна полицино ца довзийтина иза бехкевеш хIоттийна кехат, куьг а ца яздайтина низамо ма-доьхху.

Навальный Алексейн адвокато Михайлова Ольгас харцо ю, боху, оппозиционерна гулам хIотторна бехк Iедало дуьхьалбаккхар.

Москох, Тверан урамехь, кIирандийнан гулам болабаллале полицино лецира Навальный.

Москох а санна, Оьрсийчоьнан иттанаш гIаланашкахь а хIиттира коррупцина резабоцчийн митингаш. Иттанаш эзарнаша дакъалаьцна протестехь.

Коррупцина дуьхьалояран Центро карара бутт болалуш яржийра Оьрсийчоьнан Министрийн Кабинетан куьйгалхочун Медведев Дмитрийн долахь къайлаяьхна гIишлош ю, иза коррупцин декъахь хила тарло аьлла хIиттийна материалаш.

Оцу материалашна дуьхьал Медведевс а, цуьнан векалша а жоп ца делча, Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь лилхира гуламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG