ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа ХIирийчохь кирлелочу машенийн дайша ханна болх сацийна


ХIирийчуьрчу 100 сов яккхийчу машенийн дайша протестан акци хIоттийна «Кавказ» некъа тIехь. Цара шаьш дийцарехь, доьхург кхочуш даллалц латтор бу цара гулам. И хаамбина машенлелорхоша «Кавказан Узел» газетехула.

«Платон» олучу системана (некъан тарифаш естор) духьал бу протестхой. Оцу кепо шайга, балхах йолуш цхьа а са а йоцуш, эрна къахьоьгуьйтур ду, боху цара.

Машенлелорхой реза бац некъах йоккху ял язъярца цхьаьна ягочун мах а бестарна – хьалха 2 сом доккхуш хиллачу мехкдаьттанах 8 сом доьху хIинца.

XS
SM
MD
LG