ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршо Радион корреспонденташна тIелетта


Краснодаран махкахь йиттина Маршо Радион корреспонденташна Хазов-Кассиа Сергейна а, Костянов Андрейна а. Тахана хила езачу фермерийн протестах репортаж кечъеш бара уьш Кропоткин гIалахь. Операторан Костяновн пIенда кагбина, Хазов-Кассиан аьрташ лазийна.

Iуьйранна меттигерчу хьешацIенна хьалха царна тIелетта туьтмIаьжигашкахь хилла нах. Яьккхина цаьргара компьютер, белхан гIирс. ТIелеттарш бевдда.

Журналисташа шайна гIоьнна кхайкхина полици. Хазов-Кассиа Сергейс бахарехь, полисхойх цхьамма журналисташ Маршо Радиора буйла хиича, шен «гIодан лаам а бедда» аьлла.

Хиллачун хьокъехь дIахьедар дина Маьрша Европа/Маршо Радион президента Кент Томаса. Шайн белхан декхарш кхочушдечу журналисташна талор дар харцо ю, боху цо. Кхин а цхьаъ журналисташна дуьхьал бекхам боцу зулам а ца кхиош, инцидент талла декхаредо цо Оьрсийчуьра Iедал.

Оцу юкъанна, оццу махкарчу Тихорецкехь трактористийн протестан марш йолалуш лаьцна 4 стаг. Царех цхьаъ ву и хаам баржийна Иванченко Валерий. Марш вовшахтухуш хилла Волченко Алексей лаьцна 4 де хьалха, цо Iедална ял дIа ца елла аьлла.

Коррупцина а, Iедало магорца низам а талхош, махкахь лаьттанаш дIалецарна а дуьхьал протест айина фермерша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG