ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

48 эзар евро гIуда тоьхна Оьрсийчоьнна жимастаг полицехь хьийзорна


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Нижний Новгородерчу вахархочунна Шестопалов Антонна 48 эзар евро компенсаци яла декхарейина Оьрсийчоь. И ахча цунна кхчийна 2014-чу шарахь полицино таIзар дарна, хаамбо Каляпин Игорь коьртехь волчу «Iазапна дуьхьалхояран комитето».

Кхиазхочунна Шестопаловна, цо шен классехь дешна йоI ххьийзийна аьлла, вигина, массех сахьтехь, иза къерахиллалц, йиттина полицехь. ШолгIачу дийнахь лоьраша даредина цуьнан корта бохийна а, кхидолу дараш цунна дина а хиларх. Эшам хиллачу йоIа а яздина, шена Шестопаловс цхьа а зулам ца дина, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG