ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин машенашна доIадина БуьритIехь …коррупци ца лелийта


ХIинцца кхоьллинчу некъан полицин лерринчу декъана еллачу машенашна доIадина низамхошца юкъарло латточу епархин декъан векало Остаев Тимофейс. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Скоков Михаил теша оцо некъан полици коррупцех Iалашйийриг хиларх.

«Низамо ма-хьоьхху жамIаш аш хуьлуьйтур ду, со теша. Коррупци йоцчу хьоле далор ду аш гIуллакх. Цкъа лелларг исторехь диса деза. ДогцIена къахьега, дикачу нахана гIоде, ларъе церан паргIато", - элира министро машенашна доIадечу барамехь.

Скоков къера ву некъаш тIехь полисхошкара шогалла юьйлуш хиларх. «Вайн Iалашо ю агрессех мукъадовла, наха вайгара диканиг бен ца дийларе сатуьйсу», - бохура даржхочо.

11 доIадина машен лелар ю ХIирийчоьнан некъашца. Леррина дакъа кхоьллина некъаштIехь инспекторшна тIелетарш даьржина хиларца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG