ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новр-ГIаларчу Росгвардин декъан ха набъеш хилла бохам хиллачу буса


Новр-ГIаларчу Росгвардин ха, цунна арахьара нах тIелеташ, дижина дара, яздо РБК-но шен хьостанна тIе а тевжаш. Къамелдинчо бахарехь, дахкарлахь, керта тIехула а бевлла, хан чоьнаш чу а кхаьчна, уьрсаш хьаькхна, набъеш Iуьллу ши салти а вийна, цаьргара маса тоьпаш дIаяьхна.

Шайн чоьнаш чохь бехачу эскархошкахь герз ца хилла – иза, низамо ма-баххара, сарахь 6 сахьт даьлча дIалуш ду Iалашдан, орца кхайкхийча, буьйранчин бен яц герз салтийн карадала бакъо. ТIеман декъах жоп лучу эпсарна хилларг дIахаийта 15 минотехь гIиртина цхьа салти. Луларчу тIеман декъаца зIеневалавеллачу шолгIачу салтичух ца тешна, боху хьостано.

Зазадоккху-беттан 24-чу буса Нохчийчуьрчу Новр-ГIалахь 8 стаг гIоьртина Росгвардин декъе кхача. Официало дийцарехь, царех 6 чукхоччушехь вийна, шиъ ведда.

«Новая Газето» чIагIдо, тIелеттарш дийна а болуш, лецна, герггахь герз а детташ байина. Цаьрца хиллачу тасадаларехь иштта велла 6 эскархо а. Жоьпалла шена тIеэцна ДАIИШ-о.

Росгвардин куьйгалло бакъ ца до шен Новр-ГIалара тIеман дакъа кийча дацара тIелатар юхатоха аьлла хаамийн гIирсаша даржийнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG